Коьртан хье — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 48:
 
== Функцеш ==
Хьен функцеш юкъайогӀу хаадаларан меженашкара кхочу сенсоран хаамаш хержар, [[план х1оттор]], [[Сацам баран теори|сацам бар]], [[леларан координаци|координаци]], [[леларан куьйгалла дар]], бакъ а, харц а [[эмоци]], [[тергам]], [[диццадалар]]. Адаман хьено лаккхара функци кхочушйо — [[Ойла яр (психологи)|ойла яр]]. Адаман хьен цхьа функции ю кхетар а, [[мотт|меттан]] генерациигенераци а.
 
 
== Хьен дакъош ==
[[Файл:Gehirn, basal - beschriftet lat.svg|thumb|350px]]
[[Файл:Gehirn, medial - beschriftet lat-rus.svg|thumb|350px]]
{{main|Хьен структура}}
;Адаман коьртан хьен коьрта дакъош
* [[т1ехьара хье|Ромбкепара (тӀехьара) хье]]
** [[бехуо хье]]
** [[Т1ехьара хье|тӀехьара]] (ша мабарра тӀехьара)
*** [[Варолин т1ай|тӀай]] (цуьнца ду коьртаниг проекцин нервин хьесий а, нейронийн тоба а, иза ю кӀасархьен терго йен зӀе)
*** [[к1есархье]] (нӀаьнах а, эхигашшах лаьтташ бу, кӀесархьен тӀехула нервийн клеткаш чкъор лоцу)
Ромбкепара хьен чоь ю [[Коьртан хьен доьалг1а чоь|IV чоь]] (цунна бухахь Ӏуьргаш ду, уьш хитталуш ду хьен кхечу кхаа чоьнашца а, ткъа иштта субарахноидалан меттигаца а).
* [[юккъера хье]]
** [[беабарзе]]
** юккъера хьен чоь — хьен хитоттург (Сильвин хитоттург)
** хьен когаш
* [[хьалхара хье]] лаьтта [[Юккъера хье|юккъера]] а, [[Чеккхенан хье|чеккхенан хьех]] а.
** юккъера (оцу декъехула хуьлу хьен лахарчу декъашкара яккхий эхигаш чубоьду шаболу хаам хийцар). Юккъерчу хьен чоь ю [[Коьртан хьен кхоалг1а чоь|III чоь]].
*** [[таламус]]
*** [[эпиталамус]]
**** [[Буьччалгкепара екхоъ|эпифиз]]
**** юьхь
**** сира аса
*** [[гипоталамус]] (вегетативан нерван система)
**** [[гипофиз]]
**** гипофизан ор
**** [[сира гу]]
**** [[ц1узамкепара чалхаш]]
** [[чеккхенан хье|чеккхенан]]
*** [[яккхийчу эхигийн чкъор|плащ (чкъор)]]
*** [[Базалийн гангли|базалийн хӀоъ]] (стриатум)
**** [[ц1оган х1оъ]]
**** [[хьозийн коьш кепара х1оъ]]
**** ога
**** [[миндалкепара чалх]]
*** «[[хьожабоккху хье]]»
**** хьожабоккху корта ([[хьожабоккху нерв]]ан чухула болу)
**** хьожабоккху некъ
**** чеккхенан хьен чоь — агӀонашкара ([[Коьртан хьен аг1онашкара чоьнаш|I а, II а чоьнаш]])
Коьртан хьене оьху а, цигара юха оьху а хаамаш бо дегӀ лелошйолу [[букъан т1ум]]ехула а, [[туьтийн нерваш]]кахула а. Сенсорийн (я [[афферент]]ан) хаамаш богӀу синкхетаман меженашкара чкъоьран кӀелхьарчу (эхигийн чкъоьран хьалхарчу) [[нейронан х1оъ|хӀоьэ]], тӀаккха [[таламус]]е, ткъа цигара лакхарчу декъе — [[яккхийчу эхигийн чкъор|яккхийчу эхигийн чкъоьре]].
 
Чкъор лаьтта шайн юкъахь нервийн курсашца вовшехтесначу шина эхигех — [[Ахкаргин чалх|ахкаргийн чалхех (corpus callosum)]]. Аьрру эхиго жоп ло дегӀан аьтту ахагӀонах, аьттучо — аьрручух. Адаман аьтту а, аьрру а эхигийн бес-бесара функциеш ю.
 
БӀаьрсинан хаамаш богӀу [[б1аьрсинан чкъор|хьен чкъоьран бӀаьрсинан декъе]] (кӀесаркӀеган декъехь), тактилан [[соматосенсоран чкъор|соматосенсоран чкъоьре]], хьожабоккхург — [[хьожабоккху чкъор|хьожабоккху чкъоьре]] кхин дӀа а. Чкъоьран ассоциативийн меттигашкахь хуьлу сенсорийн тайп-тайпанчу хаамийн интеграци.
 
Чкъоьран моторан меттигаш ([[хьалхара моторан чкъор]] а, хьаьжийн декъера кхин меттигаш а) жоп ло леларан регуляцех.
 
[[Коьртан хьен дозанера чкъор|Дозанера чкъоьро]] (маймалийн хуьлу) хетарехь жоп ло [[Ойлаяр (психологи)|ойлаяран]] функцех.
 
Чкъоьран меттигаш шайн юкъахь уьйр латтайо чкъоьран кӀеларчу структурашца — таламусца, базалан ганглишца, хьен ганан хӀоьънашца, букъан тӀумца. Оцу структурех хӀораниг, мел лахара иерархера елахь а, ледаме функции кхочушйо, ткъа иштта автономехь болх а бало. Лелоран куьйгаллехь дакъа лоцу базалан ганглеш, хьен ганан цӀен хоьо, кӀесархьено, кхин структураш а, эмоцехь — [[амигдала]], терго лелорехь — ретикуляран формаци, уллорчу дагадарехь — [[Гиппокамп (хьен дакъа)|гиппокамп]].
 
Цхьана агӀор, коьртан хьен декъашкахь функцийн локализаци ю, вукха агӀора — уьш массо а цхьана машатесна ю.