Коьртан хье — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 121:
 
Адаман хье кхуьуш билгалдаккха мегар ду [[филогенез]] а, [[онтогенез]] а гӀеххьа тера хилар. Дийнатийн эволюцин процессехь хьалха кхиина чеккхенан хье, ткъа тӀехьа — юккъера хье. Хьалхара хье бу эволюцийца коьртан хьен керло кхоллам. Иштта ненан кийрахь бер кхуьуш хьалха кхоллало эволюцийца хьен шира дакъа долу тӀехьара хье, ткъа тӀехьа — юккъера хье а, цул тӀехьа — хьалхара хье а. Бер дуьненчу даьлча бераллера кхиъна даллалц хьен чуьра нейронийн уьйран кхоллам чолхе хуьлу.
 
=== Абляцеш ===
Хьен талламан ширачарех цхьа кеп ю [[Абляци# медицинехь|абляцин]] методика, цуьнан хьесапехь хьен цхьа дакъа дӀадоккху, тӀаккха Ӏилманчахь терго йо оцу операцин хийцамашна.
 
Муьлхха а хьен дакъа дӀадаккха мегар дац, садолхӀума юьйр ю. Иштта, [[Хьен га|хьен ганан]] дукхаха долу дахаран уггар а оьшу дакъанаш, масала, [[сада1ар]], лазийча сихонца [[валар]] тӀедан мега. ТӀаккха а, дуккха а дакъанаш дохадаро лар юьтушехь дахарехь, дийна вуьсу. Иза, масала, догӀу яккхийчу эхигийн чкъоьран меттигашна. Шуьйра [[инсульт]]о [[аг1о сацабо]] я [[мотт]] сацабо, амма садолхӀума еха. Беллаболу хьен дукхаха долу дакъа [[вегетацин х1оттам]]ехь хуьлу, латтало арахьарачу гӀоьнца йаош.
 
Абляцицин талламийн шира истори ю, хӀинца а беш бу уьш. Нагахь ягӀанчу хенан Ӏилманчаш хьен меттигаш хирургин гӀоьнца дӀаяьхнехь, таханлерчу талламхоша лелайо токсични хӀумнаш, хаьржина хьен чкъоьраш лазош (масала, билгалчу меттигера клеткаш, амма цунна чекхдовлу нерван хьесий метах ца доху).
 
Хьен цхьа дакъа дӀадаьккхича цхьайолу функцеш йов, ткъа цхьаерш юьсу. Масала, цициган хье бекъна бу таламусал лакхахь, юьсу дукхахйолу [[поза]]н реакци а, [[букъан т1ум]]ан [[Рефлекс (биологи)|рефлексаш]] а. Хьен ганан уллохь хье бекънаболу дийнаташна, ([[децеребраци|децеребраци йина ]]), гӀолоцу дӀасатотту пхьидийн тонусо, амма йов [[Поза|позан]] рефлексаш.
 
Тергамаш бо хьен структура йохийначу адамашна тӀехь а. Иштта, пайдехь хаамаш бела талламчашна Дуьненан шолгӀачу тӀамехь коьртах [[герз кхетна чов|герз кхетна чевнаш]] хиларо. Иштта, инсульт хиллачу цомгашчарна тӀехь а, [[туьта-хье]] лазийначарна тӀехь а талламаш бо.