Коьртан хье — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 42:
 
== ЦӀийлаттор ==
{{main|Коьртан хьена ц1ийлатторцӀийлаттор}}
Хьено, цӀийлатторан машанехула цӀий а тоттуш нейронашка болхбайта, дукха энергин йойу. Коьртан хьен цӀий латтадо даккхийн пхенийн кхаа бассейнера — шина чоьхьарчу логан пхенийн ({{lang-la|a. carotis interna}}) а, коьрта пхенийн ({{lang-la|a. basilaris}}) а. Туьтан чухула [[чоьхьарчу логан пхена]] чеккхе ю хьалхара а, юккъера а хьен пхенаш ({{lang-la|aa. cerebri anterior et media}}). Коьрта пха бу хьен ген [[анатомин терминологи|вентралан]] тӀехула, кхоьллина аьтту а, аьру а букъадаьӀахкан пхенаш вовшахтесна. Цуьнан геннаш ду хьен тӀехьара пхенаш. Бийцина болу ялх пха (хьалхара, юккъера, тӀехьара), шайна юкъахь анастомозици а еш, кхуллу пхенийн ([[Виллизин гуо|виллизин]]) гуо. Цунна ду хьалхара хьен пхенаш вовшехтасаделла хьалхарчу вовшехтасаран пхаца ({{lang-la|a. communicans anterior}}), ткъа чоьхьарчу логан (я, наггахь юккъера хьен) а, тӀехьарчу хьен а пхенашца, хӀора агӀора тӀехьара вовшехтасаран пхенаш ({{lang-la|aa.communicans posterior}}) ду. Пхенаш юкъахь [[анастомоз]]аш ца хилар билгала хуьлу пхенийн патологи ([[инсульт]]аш) йолу меттиг, цӀийлатторан гуо къевлина ца хиларна и меттиг шорло. Цул сов, дуккха а кхин агӀонаш хила тарло (бастина гуо, трифуркаци кхуллуш тамашийна пхенаш декъадалар кхин дӀа а). Нагахь цхьана декъехь нейронийн жигаралла совъялахь, совдолу оцу мете цӀийлаттор а. Коьртан хьен цхьадолчу дакъошшан функцин жигараллин хийцамашна регистраци яро йойту неинвазиван нейровизуализацин кепаш, масала, функцин магнитан-резонансан томографи а, позитрон-эмиссин томографии а.