Коьртан хье — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 139:
 
Коьрта хьенан чкъоьран моторан декъан стимул яро ТМС перифирин пхьидаш хебийта чкъоьран чохь топографин векалле хаьжжина. Оцу кепо маххадо таро ло коьртан хьен моторан системан карзахдаккхараллин, цу юкъа йогӀу карзахдаккхараллин а, сацоран а компоненташ. ТМС лелайо хьен цамгаршна дарба деш, масала, Альцгеймеран синдром, бӀарзалла, къоралла, эпилепси, кхин иштта цамгарш толлуш.
 
 
=== Электрофизиологи ===
[[Электрофизиологи]]но регистрации йо хьен электрожигараллин — цара таро ло цхьайолу [[нейрон]]аш яссаялар дӀаяздан дуткъа [[электрод]]ийн гӀоьнца, я [[электроэнцефалографи]] гӀоьнца (коьртан тӀехулара хьен потенциал дӀаяккхаран методика).
 
Буткъа электрод бина хила таро ю металлах (ира юьхьиг ерзина йолуш, къевлина дӀакъасторан гӀирсаца) я ангалех. [[Ангалин микроэлектрод]] юткъа биргӀа ю, чуьра туьхан шоврица юьзна а йолуш. Электрод клетки чу а боьдуш, цу чуьра потенциалаш дӀа а язъеш буткъа хила таро ю. Нейронийн жигараллин регистрацин кхин кеп ю клеткийн арахьарарниг — [[цхьайолчу нейронийн регистраци]].
 
Цкъацца дуткъа электродаш (цхьанна тӀиера масех бӀаьне кхаччалц) хьен чу хиттадо, талламхоша терго еш дӀаязйо жигаралла дуккха а хенахь. Кхеча кепехь электрод хьен чу богӀуьйту цхьана ханна экспериментан, ткъа таллам чекхбаьлчи схьадоху.
 
Буткъа электродан гӀоьнца регистраци яло цхьайолчу нейронийн жигараллина а, бӀенаш нейронийн жигараллех кхоллалучу локалан потенциалех (local field potentials) а. Электродийн ЭЭГ гӀоьнца а, кхин а хьен тӀедохкучу тӀехуларчу электродашца, боккхачу барамера нейронийн инзаре жигараллин бен ца мега регистрации ян. Хила тарло боху, иштта регистраци еш йолу жигаралла гуллало нейронийн потенциалан балхах (аьлчи а нейронийн импульсех) а, киртиг кӀелхьара деполяризацех, гиперполяризацех.
 
Хьен потенциалийн анализ йоккхуш дукхаха дерг церан спектран анализ йо, цу тӀе спектран тайп-тайпана компонентийн бес-бесара цӀераш ю: дельта (0,5—4 Гц), тета 1 (4—6 Гц), тета 2 (6—8 Гц), альфа (8—13 Гц), бета 1 (13—20 Гц), бета 2 (20—40 Гц), гамма-тулгӀенаш (юкъайогӀу бета 2 ритман луьсталла а, кхин лакхара а).