Кусаев, Ӏадиз Джабраилович — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 29:
Ӏадиз Кусаев вина [[1938]] шеран [[3 январь|3 январехь]] [[Нохч-ГӀалгӀай АССР]]н [[Нажи-Юьртан кӀошт]]ан [[Шоьна (Нажи-Юьртан кӀошт)|Шоьна]] юртехь. Цьуна да вара юртан школан директор. Нохчий цӀера бехначу хенахь цуьна жима ши ваша мацалах велира. Дас-нанас кхи дан хӀума а ца хилла иза детдоме дӀавелира.
 
ЦӀа вирзинчул тӀехь цӀен дипломца чекхъяккхира [[Соьлжа-ГӀала|Соьлжа-ГӀалин]]н статистикан [[техникум]]. Цул тӀехьа чекхъяккхира тӀеман авиацин а, техникин а [[училище]] Тамбован областехь [[Кирсанов]] гӀалахь. Дешна ваьлча болх бира Соьлжа-ГӀалин [[аэропорт]]ехь кеманаш то а деш, лела а деш.
 
[[1969]] шарахь Кусаевс чекхъяккхира [[Ростов]]ан пачхьалкхан [[университет]]ан [[филологи]]н [[факультет]]ан [[журналистика]]н отделени. Университет чекхъяккхили [[1966]] шарахь иза Нохч-ГӀалгӀайн Телевиденин а, Радион а Пачхьалкхан комитетан коьрта [[редактор]] балха дӀаийцир.