ИйдалтӀие — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 15:
 
Ийдалан бассейн кхаа декъе йоькъу (ИйдалтӀие дакъошка екъар санна): [[Ийдалан Лакхе]], [[Ийдалан Юкъ]], [[Ийдалан Лахе]].
 
== Ӏалам ==
Рельеф нийса ю, алсама ю шера аренаш а, шунаш долу аренаш а ю. Климат бараме-континентан ю. Аьхке йовха ю, июль беттан хӀаваан температуран юккъера барам +22° — +25°С; Ӏа дикка шийла ду, январан а, февралан а хӀаваан температуран юккъера барам −10° — −15°С. Шеран йочанийн юккъера барам къилбаседехь 500—600 мм, къилбехь 200—300 мм. Ӏаламан зонаш: иэелла хьун (ГӀезалойчоь), хьун-аренаш (ГӀезалойчоь (цхьаццанхьа), Самаран, Пензан, Ульяновскан, Саратовн областаш), аренаш (Саратовн (цхьаццанхьа) а, Волгоградан а областаш), ахгӀум-аренаш (ГӀалмакхийчоь, Аштаркханан область). Къилберчу лаьттан декъа тӀехь йовхачу эхашеран заманахь (апрелера октябре кхаччалц) [[ченан мох]] а, [[бекъа мох]] а хуьлу.
 
== [[ИйдалтӀиен федералан гуо]] ==
Шена юкъайогӀу Юккъера ИйдалтӀиен регионаш, цхьа могӀа Россин Центран регионаш (Мордови, Пензан область), Уралхьалхе (Перман мохк, Башкортостан). Центр—[[Лахара Новгород]]. Гуон майда РФ латтанах 6,08 %. Бахархой 2008 ш. 1 январехь — 30 241 583 (21,4 % РФ); алсама гӀалийн бахархой бу. Масала, Самаран областехь >80 %, РФ (73 % гергга).
 
== [[Ийдалан-Вяткан экономикан кӀошт]] ==
Лаьтта [[Юккъера Ийдал|юккъерчу Ийдал тӀехь]]. Ӏоштан майда 1000 км озаелла ю къилба-малхбузера къилбаседа-малхбалехьа, масех Ӏаламан зонашкахь ю: къилбаседа дакъа тайгахь а, къилбан — хьун-аренашкахь а. КӀошт ю Россин Цетрехь, кеманаш лела Ийдалан, Окан, Вяткин бассейнашкахь, доза а ду, чӀагӀъелла экономикан уьйр ю Центран, Уралан, Къилбаседан, ИйдалтӀиера кӀошташца. Бахархойн барам — 7,5 млн ст. (2010). Бахархой луьсталлин юккъера барам — 32 ст./км², цхьабосса охьахевшина бац. Дукхаха болу бахархой оьрсий бу, уьш боцуш кхузахь беха марийш, мокшаш, эрзяш, чувашаш, гӀезалой, удмурташ. Урбанизацин барам дикка лакхара бу — 70 %, цу тӀе 7,5 миллионах 2 млн веха Нижегородскан агломерацехь.
 
== [[ИйдалтӀиен экономикан кӀошт]] ==
Лаьтта [[Ийдалан лахе]]хь. ИйдалтӀиен майда 537,4 эзар км², бахархой 17 млн стаг, бахархойн луьсталла 25 стаг/км². ГӀалийн бахархойн дакъа — 74 %. [[ИйдалтӀиен экономикан кӀошт]]ан юкъайогӀу 94 гӀала, 3 гӀала-миллионер (Самара, Казань, Волгоград), 12 федерацин субъект. Къилбаседехь доза ду Ийдал-Вяткин кӀоштаца, къилбехь Каспий-хӀордаца, малхбалехь Уралан кӀоштаца а, Кхазакхстанца а, малхбузехь — Центран-Ӏаьржалаьттан кӀоштаца а, Къилбаседа Кавказца а. Экономикан сема — Ийдал хи. ИйдалтӀиен экономикан кӀоштан центр ю [[Самара|Самарехь]].
 
== [[ИйдалтӀиен гӀалийн ассоциаци]] ==
1998 шеран 27 октябрехь Самара гӀалахь хилира ИйдалтӀиен яккхийчех ворхӀ гӀалин (Казань, Лахара Новгород, Пенза, Самара, Саратов, Ульяновск, Чебоксараш) куьйгалхойн хьалхара Юкъара гулам, цигахь ИйдалтӀиен гӀалийн ассоциаци кхолларан барт кӀела куьг яздира. Оцу гӀуллакхо путевка елира дахаре муниципалан кхолламийн уьйран керлачу структуран — ИйдалтӀиен гӀалийн ассоциаци (ИГӀА). 2000 шеран февралехь Ассоциацин юкъакхийтира Йошкар-Ола, 2002 шеран 1 ноябрехь цуьнан могӀанаш буьзира Аштаркхнено а, Саранско а, 2005 шарахь — турпал-гӀала Волгоград, 2009 — Киров. Тахана ИГӀА юкъахь 25 гӀала ю, царех яккхийнарш:
# [[Аштаркхне]]
# [[Волгоград]]
# [[Йошкар-Ола]]
# [[Казань]]
# [[Киров (Кировн область)|Киров]]
# [[Лахара Новгород]]
# [[Пенза]]
# [[Самара]]
# [[Саранск]]
# [[Саратов]]
# [[Ульяновск]]
# [[Чебоксараш]]
 
2015 шарахь Ассоциацин юкъаягӀара: Ижевск, Пермь, Уфа, Оренбург, Тольятти, Арзамас, Балаково, Димитровград, Новокуйбышевск, Новочебоксарск, Сарапул, Стерлитамак, Сызрань.
Ассоциацин гӀаланашкахь веха кхойтта миллион сов стаг.'''<ref>[http://agpsamara.ru/ Ассоциация городов Поволжья]</ref>
 
== Билгалдахарш ==
{{Навигаци}}
{{билгалдахарш}}
 
[[Категори:ИйдалтӀие| ]]