ГӀебартойн-Балкхаройчоь — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 572:
=== Транспорт ===
{{also|Нальчик (аэропорт)}}{{Хьажа иштта|Нальчикан троллейбус}}{{Разделан кечам}}
 
== Оьздангалла ==
{{Чекхъяккха}}
Наьртийн эпосан оьздангаллин тӀехьено дахьа доккха маьӀна республикан оьздангаллин. XX бӀешеран тӀеххьарчу итт шарахь республикан оьздангаллин политика йина россин, федералан оьздангаллин а, искусствон а концепцех уьйр ца хаддош, тергоеш башхаллашна, дуккха а къаьмнаш долу ГӀебартойн-Балкхаройн къоман оьздангалла кхиаран халонашна. «Росси оьздангалла» цӀе йолчу федералан Ӏалашонан программо хаъал кхетам белла даймехкан оьздангаллин кханен<ref>[http://archivesjournal.ru/?p=1950 Особенности развития этнической музыкальной культуры КБР в 90-е годы XX века | Архивы и общество<!-- Заголовок добавлен ботом -->]</ref>.
 
XX бӀешеран чеккхенгахь ГӀБР айаделла шайн кхоллараллин хьашт, 90-гӀа шераш долалуш къоьлла дӀаяьлла, оьздангалла керлачу рынкан хьолах дола доладелла. Нагахь 1999 шарахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь 1440 кружок хиллехь, 2001 шарахь церан барам совбелира 1560 кхаччалц, хаалора оьздангаллин-садаӀаран меттигаш алсама йовлар. Оьздангаллин-садаӀаран тайпа кхолламийн барамца ГӀБР 78 меттигехь ю Российн Федерацин субъекташлахь.
XX бӀешеран 90-гӀа шерийн ГӀБРан этносан музыкан оьздангалла кхиаран башхаллаш{{Яц АИ|20|08|2016}}
 
Дукхахйолчу ярташкахь Оьздангаллин цӀенош бен ца хилира шорта функцеш йолу оьздангаллин центраш, церан хьоло гайтора хӀокха, вукха яртийн оьздангаллин дахаран тегӀа. Таханлера къаьмнийн оьздангалла кхиоран болх — фольклоран этнографин центраш яхкар.
 
Доккха маьӀна долуш ду шайн кхолларалла лакхарчу тегӀанехь кхиор, 90-гӀа шерашкахь ГӀБРехь ца хеддаш дӀахьуш ю республикан эшарийн а, хелхаран а халкъан ансамблийн, адыгийн а, балкхаройн а халкъан иллиалархойн фестивалаш, къаьмнийн ловзарш, регионашкара говзаллаш хийцаран оьздангаллин фестивалаш, смотраш — хореографин искусствон, халкъан музыкан гӀирсийн оркестрийн къийсамаш, К. Каширгован цӀарахчу къоман пондар лакхархошна кечйира тематикан программа «Музыкан ГӀебартойн-Балкхаройчоь».
 
Муниципалан оьздангаллин кхолламийн белхашкахь кӀоштан социооьздангаллин специфика лоруш дика тенденцеш хилира мероприятеш ярехь. Баксанан кӀоштан оьздангаллин кхолламашкахь шуьйра даьржира фольклоран фестивалаш, смотраш, конкурсаш яр. Зольскан кӀоштехь хааделла фольклоран тобанаш а, ансамблаш а тӀекхетар. Урванан кӀоштан оьздангаллин отдело жигара баьккхина шайн болх фольклор Ӏалашъярехь а, кхиорехь а. Изза Ӏалашо хӀоттийра фольклоран Центран Псынабо юртахь. Теркан кӀоштахь дика терго йора берашций, кегийрхошций болчу балхана, Черекан кӀоштехь — жигарабаьлла гӀиллакхаш, Ӏадаташ дендарехь а, Ӏалашдарехь а болу болх, Чегеман кӀоштехь — дӀахьо къоман рузманан ловзарш, фольклоран коллективийн смотр-конкурсаш, халкъан эшарш лакхархойн фестивалаш.{{Яц АИ|20|08|2016}}
 
1980-гӀа шераш дуьйлалуш шуьйра даьржира яртийн, гӀалийн, кӀоштийн деза денош. Уьш ду ГӀалин денош, ГӀебартойн-Балкхаройн яздархойн юбилейш язъяр, хьалхелелорхой базбеш къоман ловзарш дӀадахьар. Гласностан а, демократизацин а керла мур болалуш дезчу деношна юкъадало дуьйлира культан Ӏадатийн юкъараллин гуттар хьалха дицдина долу деза денош. Дукха хьолахь уьш довзийтаран мероприятеш яра, профессионалийн а, шешкхоллаелла а коллективаш хиттош: хьалхара хершан деза де; кхъуейпллъыжькӀэрыщIэ (кхагийна нехча хьалаоллар) спортан ловзаршца, совгӀаташца, уьш хиттадора кӀант вича а, кхечу светан рузман дезчу терхьашца (1 май, 7 ноябрь, кхин а); Навруз даздар. Къоман юкъахь лела гӀиллакхаш, деза денош, Ӏадаташ, уьш дӀадахьаран кепаш дика довзаро аьтту бо гучудаккха оьздангаллин-довзийтаран кхолламаш гулдинарг.
 
Адыгин вокалан оьздангалла юхакхолларехь йоккха роль ю 1996 шарахь дуьйна дӀахьуш йолу ГӀебартойн-Балкхаройн халкъан артистан Х. Кунижевн цӀарахчу адыгийн халкъан эшарийн Республикан конкурсан.{{Яц АИ|20|08|2016}} Конкурсан Ӏалашо: меттахӀоттор Ӏадатан эшаран кхолларалла; адыгийн эшар лакхаран оьздангалла Ӏалашъяр; гучубахар говза иллиалархой; кегийрхой а, бераш а кхоллараллин юкъаозор, церан говзалла айар; жанран шуьйра пропаганда; коллективийн а, шеш болу иллиалархойн а репертуар юзар.
 
ГӀБРан оьздангаллин баккхий векалш бу, ГӀБРан халкъан поэт, ССРСн, РСФСРн Ленинан а, Пачхьалкхан а премийн лауреат [[Кулиев, Кайсын Шуваевич|Кулиев Кайсын]], ССРСн халкъан артист, ССРСн а, РСФСРн а Пачхьалкхан премийн лауреат [[Темирканов, Юрий Хатуевич|Темирканов Юрий]].
 
== Ӏилма а, дешар а ==
{{Коьрта статья|ГIебартойн-Балкхаройчоьнан лакхарчу дешаран заведенийн список}}
* [[В. М. Коковн цIарах йолу ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан аграран университет]]
* [[Х. М. Бербековн цIарах йолу ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан университет]]
* [[ГIебартойн-Балкхаройчоьнан бизнесан институт]]
* Москван комплексан кхерамазаллин институт ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан филиал
* Нальчикан кооперацин институт (филиал) Автономин коммерци йоцу кхолламан Белгородан кооперацин, экономикан, бакъонан университет
* [[Къилбаседа-Кавказан искусствон пачхьалкхан институт]]
* Къилбаседа-Кавказан Россин ЧГӀМ белхалойн квалификаци айбаран институт (филиал) Российн Федерацин Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон пачхьалкхан хазнан Краснодаран университет
* [[ХӀокху заманан гуманитаран академи]] — Нальчикан филиал
* [[Армавиран лингвистин социальни институт]] — Филиал Нальчик гӀалара
 
== Билгалдахарш ==