[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла агӀо: «'''Эмба́рго''' ({{lang-es|embargo}}) — лацар, бехкамбар, ''embargar'' — бахам лацар, эмбарго; дуьхьалояр, но…»
 
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
'''Эмба́рго''' ({{lang-es|embargo}}) — [[лацар]], бехкамбар, ''embargar'' — бахам лацар, эмбарго; дуьхьалояр, новкъарлояр, схьадаьлла {{lang-la|imbarricare}} — дуьхьалояр, новкъарлояр.
# [[пачхьалкхо]] кхечу пачхьалкхашна ца магадар чудан я арадаккха пачхьалкхера деший я кхечу пачхьалкхийн [[валюта]], шакепара [[товар]]аш — [[герз]], керла технологеш, кхин а;
# пачхьалкхан Ӏедало шайн [[порт]]аш чу кхечу пачхьалкхийн кеманаш дахкийта, я шайн порташкара кхечу пачхьалкхийн кеманашна арадовла ца магадар;
# кӀеззиг я юьззина йохк-эцар сацаяр билгалчу пачхьалкхашца [[ВКЪКХ]] лаамца я кхечу пачхьалкхашна юкъарчу цхьанакхетараллин ВКЪКХ Устав дохадарна я кхин гӀуо болх барна та1зар дархьама оцу пачхьалкхана.
 
Эмбаргон Ӏалашо хила тарло [[репрессалеш]] яр кхечу пачхьалкхана дуьхьал, лаам цунна экономикан зие а дина шеш боххург дайта.
 
Пачхьалкхашна юкъара къаьмнийн уьйранийн практикан эзар шеран истори ю, дуккха а масалаш ду йохк-эцар ца магорехь. Тайп-тайпана исторехь а, хӀинца а эмбарго хӀотторо таро ло оцу гӀирсан арахьара йохк-эцаран гӀуллакхийн цхьацца бахьнашца классификаци ян.
 
'''Санкцийн Ӏаткъаман субъектаца''' эмбарго дукхаха дерг хьажийна ю пачхьалкхана (я масех пачхьалкхана) дуьхьал, амма наггахь хила тарло персонификацин амал, иза йозуш яц йолчу а, вехачу а пачхьалкхех (масала, эмбарго терроран кхолламашна дуьхьал).
 
'''Официалан тӀегӀанца''' йохк-эцаран эмбарго лело тарло официалан амал, хила тарло гӀара ца йоккхуш а.
 
'''Ца магоран барамца''' билгалъяккха мега юьззина я кӀеззиг эмбарго. Юьззина эмбарго кхето мегар ду массо а агӀора ца магоран дуьхьалонаш яр пачхьалкхашна юкъара арахьара йохк-эцар лелорехь, юкъара яха мегар ду цхьайолу гуманитаран программаш кхочушъяран Ӏалашо. КӀеззиг эмбарго яьржина цхьайолчу агӀонашна я арахьара йохк-эцаран объекташна. КӀеззиг эмбарго ян тарло экспортан юкъаметтигашкахь а, импортан операцешкахь а, цуьнца цхьаьна хила тарло тайп-тайпана санкцийн комбинацеш.