Дуьненайукъара йукъаметтигаш — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 91:
Политикан реализман коьрта меттигаш:
# Дуьненаюкъара юкъаметтигийн коьрта декъашхо ю [[Пачхьалкх|пачхьалкх]]. Пачхьалкхаш ю рационалан цхьаьнакепара политикан чарх. Пачхьалкхийн бен яц тӀом кхайкхо а, бан а, дуьненаюкъара чӀагӀамаш бан, кхин дерг дан легитиман бакъо. Дуьненаюкъара политикин хьашт билгалдоккху хьалхарчу рогӀехь дуьненара цхьаьнаэшшаралла латто я талхо йиш йолчу яккхий пачхьалкхаша. Цара шайна луъург до, гӀийла пачхьалкхаша шайга дойттург до. Цундела яккхийн пачхьалкхийн таро ю кегийн пачхьалкхийн хьашт дайа.
# Дуьненаюкъара юкъаметтигийн ю анархийн амал. ХӀораммо куьйгалла до шен хьашташца, цундела дуьненаюкъара арени тӀехь пачхьалкхийн коьрта стимул — [[къаьмнийн хьашашхьашташ]] ду. Дуьненаюкъара юкъаметтигашкахь лакхара Ӏедал доцун дела, царна юкъахь лела «айхьа хьайна гӀодие» принцип.
# Дуьненаюкъара юкъаметтигашкахь хӀора пачхьалкхан шайн хьашташ хилча конфликтех кӀелхьара ца валало. Цундела дуьненаюкъара процессийн бух тӀехь лаьтта пачхьалкхашна юкъара конфликт я цуьнан йисттера кеп — [[тIом]]. Политикан реализман векалш юкъара ца доккхахь а дуьненаюкъара процессийн кхин кепаш хилар, массара а цара лелайо, церан ойланца, тӀеман муьтӀахь йина амал, ткъа машар — иза цхьана хенан дика хьал ду. Дуьненаюкъара юкъаметтиг гучуйолу, уггар хьалха, тӀеман а, тӀеман-политикан союзийн кепашкахь. Машар латторан уггар эффектан гӀирс бу, политикан реализмо дийцарехь, [[ницкъийн баланс]], иза кхоллало къоман хьашташ Ӏоттаделча а, вовшен бакъонийн сий дича а, юкъара оьздангалла хилча а<ref name="Лебедева27">{{книга|автор=Лебедева М.М.|часть=Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм|заглавие=Мировая политика|место=М.|издательство=Аспект-Пресс|год=2003|страницы=27|страниц=351}}</ref>.
# Дуьненаюкъара юкъаметтигашкахь пачхьалкхийн къаьмнийн хьашташ Ӏитталодела, пачхьалкхийн коьрта Ӏалашо ю шен кхерамазалла латтор. Иза латторан коьрта ресурс — шуьйрачу маьӀнехь Ӏедал ду, цуьнан коьрта билгало ю дуьненаюкъара юкъаметтигийн кхечу декъашхойн леларан тергоян таро хилар. Дуьненаюкъара аренера пачхьалкхийн леларан кхин мотиваш ю — пачхьалкхан сий айбар а, пачхьалкхера политикан терза узучу чкъоьран экономикан хьашт кхочушдар<ref name="Лебедева26">{{книга|автор=Лебедева М.М.|часть=Теоретические школы в международных исследованиях. Либерализм и неолиберализм|заглавие=Мировая политика|место=М.|издательство=Аспект-Пресс|год=2003|страницы=26|страниц=351}}</ref>.