Дуьненайукъара йукъаметтигаш — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 178:
70-гӀа шераш чекхдовлуш 80-гӀа шераш долалуш болабеллачу, хӀинца а чекхбаланза болчу кхоалгӀачу «боккхачу къовсаман» юккъехь, ДЮ декъашхочун санна пачхьалкхан роль нисъелира, дуьненан арени тӀехь хуьлуш долчу къоман хьаштах а, ницкъах а кхетаран маьӀна долуш. Тайп-тайпана теоретикийн некъийн агӀончаша, ала мегар царех транскъоманхой (Роберт Кохэн, Джозеф Най, Йел Фергюсон, кхин а), интеграцин (Дэвид Митрани) а, вовшехдазаран (Эрнст Хаас, Дэвид Моурс) а теорин гӀиллакх дӀахьуш юкъатеттира ойла: политикан реализм а, цуьнца йогӀу этатистин парадигма а дуьненаюкъара юкъаметтигийн амалашца а, коьрта тенденцешца а йогӀуш яц, уьш дӀатеттина хила еза. Декъашхойн дукхалла, юкъаметтигийн кепаш, церан харшаш, царна моттарехь, аратотту пачхьалкх дуьненаюкъара къамелийн юкъара, ДЮ пачхьалкхашна юкъарчех транскъаьмнийнчарна трансформацийо. Дуьненаюкъара-политикан Ӏилманехь транскъоманхойн Ӏаткъам болуш гучуйолу цхьа могӀа керла теореш, масала, глобализацин а, регионализацин а концепци, кхин дӀа а. Цуьнца цхьаьна коьрта парадигмаш къаьсташ йолу башхаллаш лаьтташ ю. Дукхах болу талламхой схьабогӀу, пачхьалкхаш дуьненаюкъара юкъаметтигийн коьрта декъашхой хилар тӀиера.
''''''
 
== Дуьненан политика ==
Дуьненаюкъара я [[дуьненан политика]] дуьненаюкъара юкъаметтигийн хӀоъ бу.
 
Дуьненан политика олу сацам баран, тӀеиэцаран, кхочушбаран дуьненан юкъараллин дахарех Ӏотталуш йолу процессех.
 
Дуьненан политика<ref>Мировая политика</ref>
# Ӏилман некъ санна кхоллаелла ХХ бӀешеран шолгӀачу декъехь, дукхах дерг неолибералан теоретикан гӀиллакхан гуран чохь.
# Цуьнан бух дӀабоьду дуьненаюкъара кхолламаш, дуьненаюкъара политико-экономикан а, политологин (хьалхарчу рогӀехь дустаран) а процессаш талларе, дуьненаюкъара юкъаметтигийн теоретикан талларе.
# Таханлера хьолан баланашца болх бо, ткъа иштта дуьненан политикан системан тенденцица а.
# Дуьненаюкъара юкъаметтигаш лелоран декъашхой санна пачхьалкхашка а, правителствошна юкъара кхолламашка а хьаьжна ца Ӏа (уьш лору коьрта акторш санна), хьовсу пачхьалкхийн йоцу акторш (правительствора боцу кхолламаш, ТКЪК, пачхьалкхийн чоьхьара регионаш, иштта дӀа а).
# Хьовсу дуьненаюкъара баланашка, церан вовшен йолу уьйранашка цхьаьна дуьненаюкъара контекстехь.
# Ца йо цӀеххьана йолу бӀосталлаш чоьхьарчу а, арахьарчу а политикан юкъахь.