[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Билгалонаш: Телефонаца дина нисдар Сайтан телефонан версица дина нисдарш
Билгалонаш: Телефонаца дина нисдар Сайтан телефонан версица дина нисдарш
МогӀа 55:
 
== Географи ==
Ций ю [[Малхбален Ази|Малхбален Азехь]]. Малхбале агӀора [[Тийна океан]]ан хӀордийн хиш ду. Къилбаседа-малхбалехь доза ду [[КХДР]] а, [[Росси]]йца а, къилбехьа — [[Монголи]]йца, къилбаседа-малхбузехьа — [[Росси]]йца а, [[Кхазакхстан]]ца а, малхбузехь — [[Кхиргизи]]ца, [[Таджикистан]]ца, [[Авх1ан]]ца, къилба-малхбузехь — [[Пакистан]]ца, [[ХӀинди]]ца, [[Непал]]ца, [[Бутан]]ца, къилбехьа — [[Бирма]]ца, [[Лаос]]ца, [[Вьетнам]]ца. Цийн латтан майда ю 9,6 млн км²<ref>[https://www.cia.gov/library/publications/the-world-factbook/geos/ch.html Сайт ЦРУ. The world factbook]</ref>. Ций уггара а йоккха пачхьалкх ю [[Ази|Азехь]], ткъа дуьненахь кхоалгӀа ю, шела а йоккха [[Росси]] а, [[Канада]] а бен йоцуш. [[Цийн стандартан хан|Цийн цхьаъйолу сахьтан аса]] — UTC+8.
 
Цийн берданйист йогӀу къилбаседанехьара Къилбаседа Корейн дозанера къилбехьа Вьетнаме кхаччалц, йохалла 14 500 км ю. Цийн бердашца [[Малхбален-Цийн хӀорд]], [[Корейн залив]], [[Можа хӀорд]], [[Къилбан-Цийн хӀорд]] бу. [[Тайвань (гӀайре)|Тайвань]] гӀайре къастийна материках [[Тайванан шинахинъюкъ]]о.
 
== Истори ==
Япон истори шатайпа бесбесара шира тептаршкара схьаэцна ю, и тептарш а, археологин карийна тоьшаллаш а цхьана тоьхча, меттахоттало политически дахар а, социальни кхиамаш а, кӀорггера шира заманчура дуьйна.