Коьрта меню схьаелла

Хийцамаш

4418 байт тӀетоьхна ,  1 шо хьалха
 
{{main|Япон Пачхьалкхан хоттам}}
=== Пачхьалкхан хоттаман бух ===
Цийн Халкъан Республика — [[Унитарни пачхьалкх|унитарни республика]] а, халкъан демократин диктатуран социалистийн пачхьалкх а ю. Пачхьалкхан коьрта закон ду 1982 шарахь тӀеэцна [[конституци]]. Пачхьалкхан Ӏедалан лакхара меже — цхьана палатех лаьтташ болу, меттигашкарачу халкъан векалийн гуламаш 5 шаран хоржуш болу, 2979 депутат юкъахь волу, [[Шайолуцийн Халкъан Векалийн Гулам]] (ШХВГ) бу. ШХВГ сесси кхойкху хӀора шарахь. Сессешна юкъахь цуьнан бакъо дӀакхоьхьу [[Халкъан Векалийн Гуламан Шайолуцийн Гуттарен Комитет]]о.
 
Харжамашна юкъабуьту Цийн Коммунистийн парти депутаташ а, [[Цийн Халкъан политикан консультативни совет]] (ЦХПКС) юкъайогӀу кхин а барх демократийн ю олушйолу парти а. Шайн законкхолларан Ӏедалан меженаш болхбеш ю [[ЦХР лерринайолу административни к1ошт|лерринайолу административни кӀошташ]] [[Гонконг]] а, [[Макао]] а.
ШХВГ массо а депутат ву [[коммунистийн парти|коммунистийн]] а, [[демократи]]йн а блокан векал.
 
Пачхьалкхан корта — [[ЦХР председатель]] волу ([[Си Цзиньпин]] ву ({{lang-zh|习近平}})). Иза ву [[ЦХР куьйгалхойн гола|пачхьалкхан куьйгалхойн пхоьалгӀа голан]] векал.
 
Ӏедал оцу голан дӀадалар доладелла 2002 шарахь, Ху Цзиньтао ЦКП ЦК генеральни секретаран даржера Цзян Цзэминас хийцинчу хенахь. 2003 шеран мартехь Ху Цзиньтао хаьржира ЦХР Председатель, ткъа 2004 шеран сентябрехь — ЦКП ЦК Центральни ТӀеман Советан Председатель (ЦТӀС). Хьалха и даржаш карахь дара [[Цзян Цзэмин]]а. 2005 шеран 8 мартехь цийн парламентан сессехь (Шайолуцийн Халкъан Векалийн Гулам) тӀеийцира ЦХР Центральни ТӀеман Советан Председатель даржера Цзян Цзэминан дӀавалийтаран дехар. ТӀехьуо и дарж дӀалецира Ху Цзиньтаос а, цуьнца чекхъелира пачхьалкхан лакхарчу куьйгаллехь Ӏедал хийцаран процесс.
 
[[ЦХР ЦТ1С|ЦХР Центральни ТӀеман Совет]] кхоьллинера 1982 шарахь. Цуьнан хьалхара председатель хилира [[Дэн Сяопин]], 1990 шарахь оцу даржехь иза хийцира Цзян Цзэмина. ЦК ЦКП ЦТӀС а, ЦХР ЦТӀС а председателийн даржаш хӀинцалерачу Цийн политикан системехь, цхьана стагехь ду.
 
ТӀеман совето а, цуьнан куьйгалхочо а цийн политикан системехь коьрта васт ловзайо. Иштта, 1989 шарахь оцу хенахь партийн а, пачхьалкхан а лакхара даржашкара дӀаваьллачу цу даржехь волу [[Дэн Сяопин]]а, омар дира майданара [[1989 ш. Тяньаньмэнь майданахь хилларг|гӀаттам]] охьатаӀабе аьлла [[1989 ш. Тяньаньмэнь майданахь хилларг|Тяньаньмэнь]] ({{lang-zh|天安门}}).
 
2013 шеран январех ЦХР лакхара пачхьалкхан а, партийн а даржаш декъар иштта дара:
 
== Географи ==
Къайлаха декъашхо