Несерхоев, Изновр Несерхоевич — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 24:
 
== Биографи ==
Исламан Іилманаш Іамо Изновр волавелла жимачу хенахь. Хьалхара [[хьехархо]] хилла цуьнан юьртахо, ХIХ гІа – ХХ гІа бІешерашкахь гІараваьлла хилла волу [[Іелам стаг]] Салам молла. Цуьнан аьтту баьлла оцу хенан гІарабевлла дукха Іелам нахера Іилма эца, царна юкъахь ву [[Берзан буьйре|Кхошкельда]]ра веза устаз [[Юсуп Хьаьжа]], цунна уллохь Изновр итт шо сов Іийна, шайх [[Турце]] [[мухажир]] хилла дІаваххалц.
 
=== Изновран устаз ===
Изновран [[устаз]] Юсуп Хьаьжа политикца гІуллакх долуш вацара, амма [[Хьалхара дуьненан тІом]] чекхбаьлла, цунна тІеххье хиллачу [[Октябран революции]]но, дезийтира луьра агІо лацийта дела воцучу [[большевикаш]]на, уьш шайн даккхий хабаршна тІехьа боьха йоьхь лачкъийна Іара. [[Нохчий]]н юкъаралла шина декъе екъаелира. Юсуп Хьаьжа [[Іовдин Іелийца]] а, мехкадаьтталелорхочунца [[Чермоев Тапийца]] а, кхечу динан гІуллакххошца а, дуьненан рицкъийн сийдолчу нахаца а хиттира луьрачу [[оппозици]]е тІедогІучу «цІиечу уьнан». Амма цхьаболу большевикашкахьа озабезамбочу [[молла]]нашна гуора дика дахар, сатуьйсура лазаме долу лаьттан гІуллакх чекхдаккхарна.
МогӀа 37 ⟶ 38 :
Муьлххачу нохчийчун санна [[арадахар]]о чІогІа ницкъбира Изноврина. Шайн дахар Іазапе хала доллушехь, Изновр жигара лелош вара Іилман гІуллакх, массо а агІора «аьтту бора [[ислам]] даржорехь и Іалашдарехь а». И санна болу нах бахьнехь, ислам хІаллака дан цаделла [[советийн режим]] йолуш<ref>О духовном наследии шейха Изнаура // Ж. «Ноев завет». – Киев: ПП «Формат», 2011. – С. 64</ref>. Оцу шерашкахь а наха лоруш вара иза арадаьхна [[къаьмнаш]]на юкъахь хилла а цаІаш (нохчашна а, гІалгІашна а), амма кхин а Юккъерчу Азера [[бусулба]]чара а – цуьнга хеттарш дора, ткъа цуо жоьпаш лора массо динах долчу хеттаршна. БогІура бахархой [[Таджикистан]]ера, [[Узбекистан]]ера, [[Кхазакхстан]]ера, [[Киргизера]].
Изза болх дІакхийхьира 1957 гІа шарахь Даймахка дирзинчул тІаьхьа а. Цуо жоьпаш делира советийн Іедалан куьйга кІела болуш динехь хІиттинчу хаттаршна, оцу хенахь гІарабевллачу нохчийн Іелам нехан: ГІойтІарчу Идрис моллин, Іаларара Іабдул-Рашидан, Іалхан-Юртара Дакки Жунидан, дуккха а кхин Іелам нехан а.
 
== Изноврин белхаш ==
Масех шо хьалха Изноврин тептарш, цхьаьна тоьхна, «[[Сибрех]]ан хиламаш» цІе тиллина, боккха болх арахецна зорбане шайха [[Баснукаев Хьасан]]а<ref>Изнаур. Сибирские события. Под редакцией шейха Х. Баснукаева. – Киев, 2009</ref>.