Несерхоев, Изновр Несерхоевич — Версийн башхалла
[теллина верси] | [теллина верси] |
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 31:
=== Изновран юхаверзар ===
[[Батуми|Батум]]е кхаьчначул тІаьхьа, Юсуп Хьаьжас стенна ду а ца олуш Изноврега Нохчийчу цІаверза олу. Изноврин цецваларе а ца хьоьжуш, [[шайх]]о иза цІахь оьшуш ву олу, «уггар халкъан халчу хенахь динан а, [[тІарикъат]]ан а бух хир бу хьо» олий. Цуьнан тІаьххьара весет дара [[Йоккха
Шен кхин дІа долу дахарца Изновра гойтура шен [[устаз]]ан новкъа нийсса дІаэхар.
Хууш ду, Изновран динан устаза [[Юсуп Хьаьжа]]с, массо а агІора ларвора шен хьомен [[мурид]] дахаран чолхаллех. Шайхан чІогІа лаара цуо дин Іамочу юкъарна [[гІумкийн мотт]] а Іамабойла. Юсуп-Хьаьжас масийттаз а дагадоуьйтура иза Изноврина. Изноврас цахоттура устазе стена оьшу шена и мотт, амма кхочуш-м дира [[весет]]. Дуьххьала иза кхийтира мотт стена оьшу, устаз бурам тІехиачи. Шайх дІавахар новкъа хетна бІаьрахиш дІадовланза дара цунан тІе «[[чекисташ]]» баьхкича, хІара мостагІийн [[лазутчик]] ву аьлла. Оьрсийн мотт цахууш, Изновр дика лаьттира цара хІун боху цакхеташ, стенна бехкен во цахууш. Оццахь дагабеира устазо Іамабайтина гІумкийн мотт, чІоггІа мохь туьйхира: «Цхьан а вуй [[гІумкий]]н мотт хууш?!». «Со ю гІумкий!», жоп делира тІемхошна юургъечу зудчо. Цуьнан гІоьнца Изноврас кхетийра тІемхой, маьрша цІавирзира [[Даймахка]]. Тюркийн меттанаш хааро дукха аьтту бира Изноврин доьзална махках баьхна [[Юккъерчу Азехь]] болуш.
|