Несерхоев, Изновр Несерхоевич — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж тӀетоьхна Категори:Адамаш:Нохчийчоь HotCat гӀоьнца
МогӀа 42:
Масех шо хьалха Изноврин тептарш, цхьаьна тоьхна, «[[Сибрех]]ан хиламаш» цІе тиллина, боккха болх арахецна зорбане шайха [[Баснукаев Хьасан]]а<ref>Изнаур. Сибирские события. Под редакцией шейха Х. Баснукаева. – Киев, 2009</ref>.
Хьасана кечбина зорбане кхин а шайх Изноврин белхаш, масала, «[[Бакъо]] гучуяккхар», цу чохь дуьйцу дешанчу стеган [[шариІат]]ах а, тІарикъатах а, исламан динера [[бидІат]]ех (мегаръерш а, мегарйоцурш а) а йолу ойланех лаьцна.
Изноврийн – «Нохчий схьабовларх лаьцна кехат» – [[тептар]] тІехь юьйцу нохчий схьабовларан цхьа верси. Сибрехара цІа даьхкича Изноврин кара кхочу шира тептар, цу тІехь дуьйцу, [[Ӏусман бин Ӏаффан|Іусман паччахьан]] заманахь цхьа хІума нисделла [[Къилбаседа Кавказ]]е баьхкинчу [[Іаьрбий]]н Къурайшех лаьцна. Изноврин интерпретацехь шира дийцар чІогІа бакъ долуш а, шеко йоцуш а хуьлу.
Іилманехь бевза масех болх, Джамалуллайлин «Я Мустафа – цІанон нур» [[байташ]] маьІна доккхуш болу. Шайх Джамалуллайлас вала воьжначу хенахь йийшира шен [[ПайхІамар]]е (АллахІера салам, маршала хуьлда цунна) хьажийна йолу байташ. ТІеххьара кхаа байтан маьІна даккхарах бу Изноврин башха [[таллам]].
Изноврас массо а шен белхаш [[Іаьрбийн маттахь]] язбина. Цуьнан кхолларалла толлуш волчу шайха Баснукаев Хьасана башха билгалдоккху цуьнан меттан [[говзалла]]. Цуьнан белхаш Іамочу хенахь хетало Изноврин ненан мотт Іарбийнарг бу. Дукха кехаташ (яздечу хенахь шайха «гойту дикачу [[литератор]]ан говзалла») хоуьйту цуьнан говза [[литература]]н Іаьрбийн маттах: атта а, кхетаме а къамел, нийсса ойлаяран логика, говза хІоттадо дош.
Шайх Изновр автор ву масех [[поэт]]ин кхолламан – [[касыдийн]], царна чохь цуо «лелийна тамашийна [[къамелан карчамаш]], карзахдоккхуш дог а, ойла а, йоьшург воккхавевеш»<ref>О духовном наследии шейха Изнаура // Ж. «Ноев завет». – Киев: ПП «Формат», 2011. – С. 64</ref>. Шайхан и агІо хІинца а теллина яц.
 
== Амал ==
Изновр шайхан [[синмехаллин тІаьхье]] йовзаро ойла кхоллайолуьйту, иза хилла лакхарчу [[тІегІа]]нера бакъ а, цІена а стаг, уггар хьалха, АллахІан хьалха, тІаккха ша хаъал хилчхьа церан дуьхьа къахьегначу [[нах]]ана хьалха а. Цундела цецвала хІума дац, иштта [[кхоллараллин]] говзаллаш йолуш, иза вара «чІогІа майра, догцІена, бакъ шен гІуллакхашкахь а, [[ойла]]нашкахь а. Иза цкъан а ца кхоьрура бакъ дерг дийца, цавезачеран емалаш тергал цайора, [[Іедал]]ан таІзарх ца кхоьрура. Цуьнан хьомен дешнаш дара: «Массо хІума а АллахІера ду!», цундела дуьненан бахамаш лоьхуш вацара, я цхьанна хазахетийта шен ойла хуьйцур йолуш а вацара. Делах чІогІа кхерарна а, цІена хиларна а Изновр шайх чІогІа лоруш ву нохчийн [[халкъ]]о.