Несерхоев, Изновр Несерхоевич — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 43:
Хьасана кечбина зорбане кхин а шайх Изноврин белхаш, масала, «[[Бакъо]] гучуяккхар», цу чохь дуьйцу дешанчу стеган [[шариІат]]ах а, тІарикъатах а, исламан динера [[бидІат]]ех (мегаръерш а, мегарйоцурш а) а йолу ойланех лаьцна.
Изноврийн – «Нохчий схьабовларх лаьцна кехат» – [[тептар]] тІехь юьйцу нохчий схьабовларан цхьа верси. Сибрехара цІа даьхкича Изноврин кара кхочу шира тептар, цу тІехь дуьйцу, [[Ӏусман бин Ӏаффан|Іусман паччахьан]] заманахь цхьа хІума нисделла [[Къилбаседа Кавказ]]е баьхкинчу [[Ӏаьрбий]]н Къурайшех лаьцна. Изноврин интерпретацехь шира дийцар чІогІа бакъ долуш а, шеко йоцуш а хуьлу.
Іилманехь бевза масех болх, Джамалуллайлин «Я Мустафа – цІанон нур» [[байт]]аш маьІна доккхуш болу. Шайх Джамалуллайлас вала воьжначу хенахь йийшира шен [[ПайхІамарПайхӀамар]]е (АллахІера салам, маршала хуьлда цунна) хьажийна йолу байташ. ТІеххьара кхаа байтан маьІна даккхарах бу Изноврин башха [[таллам]].
Изноврас массо а шен белхаш [[Іаьрбийн маттахь]] язбина. Цуьнан кхолларалла толлуш волчу шайха Баснукаев Хьасана башха билгалдоккху цуьнан меттан [[говзалла]]. Цуьнан белхаш Іамочу хенахь хетало Изноврин ненан мотт Іарбийнарг бу. Дукха кехаташ (яздечу хенахь шайха «гойту дикачу [[литератор]]ан говзалла») хоуьйту цуьнан говза [[литература]]н Іаьрбийн маттах: атта а, кхетаме а къамел, нийсса ойлаяран логика, говза хІоттадо дош.
Шайх Изновр автор ву масех [[поэт]]ин кхолламан – [[касыдийн]], царна чохь цуо «лелийна тамашийна [[къамелан карчамаш]], карзахдоккхуш дог а, ойла а, йоьшург воккхавевеш»<ref>О духовном наследии шейха Изнаура // Ж. «Ноев завет». – Киев: ПП «Формат», 2011. – С. 64</ref>. Шайхан и агІо хІинца а теллина яц.