[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 21:
}}
 
Мар '''Аба I-ра Сийлахь-воккха''' — 540−552 шерашкахь [[Малхбален килса]]н [[Ассирихойн Малхбален килсан патриархийн исписка|патриарх]], резиденци {{Iw5|Селевки-Ктесифон|Селевки-Ктесифонехь|en|Al-Mada'in}} хилла. Иза волуш Малхбален килсехь лелойолийра [[Мопсуестийски Феодор]]ан а, [[Нестори]] а [[Анафора (литурги)|анафора]] хьалха хилла шира [[Фаддейн а, Марийн а литурги]] йоцуш. Цуьнан урхаллин мур беара, [[Месопотами]]н керстачара [[Руман-персийн тІом|руман-персийн тІемийн]] халонаш ла дезачу хенан, ткъа [[Сасанидийн пачхьалкх]]ан а, [[Византийн импери|Византи]]йн а правительстваш килсан гІуллакхашна юкъагІертара, тІаккха а мур лору Малхбален килса чІагІъяларан мур. Мар Аба I-рачо язйина, гочйина дукха динан кхоллараш. Аба ву чІогІа лоруш цІена стаг массо а хІинцалерачу Малхбален килсашкахь, цуьнан сий деш тиллина [[Калифорни|Калифорнера]] [[Сан-Диего]]хь йолчу {{Iw5|Мар Аба Сийлахь-воккхачун семинари|семинарин|en|Seminary of Mar Abba the Great}} цІе. Цуьнан иэсан ларам бо шарахь шозза — Іийса пайхІамар (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен тІеваьллачу дийнера ворхІалгІа пІераскахь а, [[28 февраль|28 февралехь]] а.
 
Хинволу патриарх дуьнен тІеваьлла [[Зороастризм|зороастрийн]] доьзалехь [[Хала (маьІнаш)|Хала]] гІалахь Месопотамехь. [[Керстаналла|Керстаналле]] валале [[Бет Гармай]] провинцехь губернаторан секретарь хилла{{sfn|Labourt|1904|p=162}}. Дешна, тІаккха хьехна [[Нисибин ишкол|Нисибин ишколехь]], цигахь воккха Іелам стаг ву аьлла цІе яхара. [[Эдесса|Эдессехь]] грекийн мотт Іамийра, Феодоран а, Несторийн а коьрта тексташ [[шеман мотт|шеман матте]] гочйира (я дакъалецира гочъярехь). Цуьнан шен белхашна юкъадогІу [[Библи]]н а, [[Гомили]]н а маьІнаш дахар а, [[Синодалан кехат]] а. Патриарх харжале хьалха а Аба гІаравелира Мопсуестийски Феодоран агІонча ву аьлла. [[Эдесски Фома]]ца цхьаьна [[Палестина|Палестинехь]], тІаккха [[Коринф]]ехь а [[Константинополь|Константинополехь]] а хилира, иза цигахь гаран тешалла дитина [[Индикоплов Козьма]]с{{sfn|Labourt|1904|p=163}}. Аба Византин коьртачу шахьрехь хиларан терахь 525 - 533 шерашна юкъахь ду, оцу хенахь кхин а гІарабевлла динан гІуллакххой хилла цигахь. 532 шарахь [[Список византийских императоров|византийн императоро]] [[I-ра Юстиниан|I-чу Юстиниана]], [[кхаа коьртех болу къовсам]] чекхбаккха лууш, цхьаьнакхета лиира Абица, амма Абас жоп ца делира.