[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 25:
Хинволу патриарх дуьнен тІеваьлла [[Зороастризм|зороастрийн]] доьзалехь [[Хала (маьІнаш)|Хала]] гІалахь Месопотамехь. [[Керсталла|Керсталле]] валале [[Бет Гармай]] провинцехь губернаторан секретарь хилла{{sfn|Labourt|1904|p=162}}. Дешна, тІаккха хьехна [[Нисибин ишкол|Нисибин ишколехь]], цигахь воккха Іелам стаг ву аьлла цІе яхара. [[Эдесса|Эдессехь]] грекийн мотт Іамийра, Феодоран а, Несторийн а коьрта тексташ [[шеман мотт|шеман матте]] гочйира (я дакъалецира гочъярехь). Цуьнан шен белхашна юкъадогІу [[Библи]]н а, [[Гомили]]н а маьІнаш дахар а, [[Синодалан кехат]] а. Патриарх харжале хьалха а Аба гІаравелира Мопсуестийски Феодоран агІонча ву аьлла. [[Эдесски Фома]]ца цхьаьна [[ПалестӀина|ПалестІинехь]], тІаккха [[Коринф]]ехь а [[Константинополь|Константинополехь]] а хилира, иза цигахь гаран тешалла дитина [[Индикоплов Козьма]]с{{sfn|Labourt|1904|p=163}}. Аба Византин коьртачу шахьрехь хиларан терахь 525 - 533 шерашна юкъахь ду, оцу хенахь кхин а гІарабевлла динан гІуллакххой хилла цигахь. 532 шарахь [[Список византийских императоров|византийн императоро]] [[I-ра Юстиниан|I-чу Юстиниана]], [[кхаа коьртех болу къовсам]] чекхбаккха лууш, цхьаьнакхета лиира Абица, амма Абас жоп ца делира.
 
Мар Абин урхалло сацийра килса екъна лаьттина 15 шеран мур, оцу хенахь генарчу провинцешкахь хоржура цхьана хеначохь масех вовшашца гома болу епископаш. Аба девнийн кІошташка а вахана маслаІат дира. 544 шарахь цуо кхайкхира гулам патриарх харжаран формалан процедура чІагІъян. Амма цул тІаьхьа хилла {{нп5Iw5|Иосиф (несторианан патриарх)|Иосиф|en|Joseph (Nestorian patriarch)}} (552−567), хІоттийна [[Шах (дарж)|шахиншахан]] [[I-ра Хосров Ануширван|I-ра Хосрован]] Іаткъамца, бина барт а бохош. Гуламехь кхин а тІеэцна [[динан символ]], язйина иза ша Абас, гайтина, Малхбален килсан [[Иран|персийн]] амал{{sfn|Baum, Winkler|2003|pp=33—34}}.
 
Зороастризмах а, [[прозелитизм]]ах а дІахадар бахьнех зороастрийхошна юкъахь, мар Аба Хосровс хьийзира. Мар Аба йийсар вина чувоьллина латтийра шен цІахь, цул тІаьхьа махках ваьккхира [[Азербайджан]]е хьажийра. 7 шо даьлчи цунна бакъо елира цІа верза, кхин дІа а париархан гІуллакх лело иза валлалц 552 шарахь.