Латинан мотт — Версийн башхалла

1191 байт тӀетоьхна ,  2 шо хьалха
Латинан мотт юкъабаьлла вайн эрал 1,5 эзар шо хьалха. Вайн эрал хьалхара I эзар шо долалуш латинан маттахь къамел дора [[Апеннинан ахгӀайре]]н юккъерчу декъа малхбузехь, [[Тибр]] хин лахенехь лаьтта жимачу [[Лаций]] (лат. ''Latium'') областера бахархоша. Лацехь дехачу тайпанах [[латинаш]] (лат. ''Latini'') олура, церан маттах — латинийн. Оцу областан центр хилира [[Рум]] (лат. ''Roma'') гӀала, цуьнан цӀарах цига охьахевшинчу италийн тайпанаша шайха [[румхой]] (лат. ''Romani'') ала долийра.
 
Латинан меттан уггар шира йозан иэсаш ду, хьесап дарехь, вайн эрал хьалхара VI бӀешо чекхдолуш V бӀешо долалуш яздина. Иза ду 1978 шарахь ширачу Сатрик гӀалахь (Руман 50 км къилбехьа) карийна йоза, терахь делла цунна вайн эрал хьалхарчу VI бӀешеран тӀеххьара итт шо аьлла, 1899 шарахь руман форумехь ахкарш деш карийна 2,5 эзар шо хан йолу кагбеллачу Ӏаьржа тӀулган тӀиера йозан кийсиг. Шира латинан шира иэсаш юкъайогӀу дикка дукха долу каш тӀиера йозанаш а, вайн эрал хьалхара III бӀешераш юккъера II бӀешо доладаллалц, царех уггар гӀарадевлларш руман политикан гӀуллакххойн [[Сципионаш|Сципионийн]] [[Эпитафи|эпитафеш]] а, [[Вакх]]ан сийлаллех йолу сенатан текст а.