Латинан мотт — Версийн башхалла

691 байт тӀетоьхна ,  2 шо хьалха
Латинан меттан уггар шира йозан иэсаш ду, хьесап дарехь, вайн эрал хьалхара VI бӀешо чекхдолуш V бӀешо долалуш яздина. Иза ду 1978 шарахь ширачу Сатрик гӀалахь (Руман 50 км къилбехьа) карийна йоза, терахь делла цунна вайн эрал хьалхарчу VI бӀешеран тӀеххьара итт шо аьлла, 1899 шарахь руман форумехь ахкарш деш карийна 2,5 эзар шо хан йолу кагбеллачу Ӏаьржа тӀулган тӀиера йозан кийсиг. Шира латинан шира иэсаш юкъайогӀу дикка дукха долу каш тӀиера йозанаш а, вайн эрал хьалхара III бӀешераш юккъера II бӀешо доладаллалц, царех уггар гӀарадевлларш руман политикан гӀуллакххойн [[Сципионаш|Сципионийн]] [[Эпитафи|эпитафеш]] а, [[Вакх]]ан сийлаллех йолу сенатан текст а.
 
Ширачу муьран воккхачех векал ву литературан меттан областехь шираруман комедиограф [[Плавт]] (вайн эрал 245—184 шо хьалха), цуьнан комедех вайн хене яьлла 20 комеди юьззина, цхьаъ — кийсакашца. Терго ян еза, Плавтан комедийн дошаман хӀоттам а, цуьнан меттан фонетикан могӀа а дикка уллехьа беана бу вайн эрал I бӀешо хьалхара — вайн эран I бӀешо доладалуш хиллачу классикан латинан.
 
<!--
=== Классическая латынь ===