Латинан мотт — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 141:
 
Вайн эрал хьалхара II бӀешо чекхдолуш латинан мотт коьрта Италийн берриг мохк тӀехь хилла цаӀара, официалан пачхьалкхан мотт санна, чубаьржа румхоша къарйинчу [[Пиренейн ахгӀайре]]нан а, хӀинцалера къилбан [[Франци]]н а областашка. Румхойн салташкахула а, йохк-эцархошкахула а латинан мотт шен къамелан кепара карабо меттигерчу бахархойн массашна, схьабаьхначу махкашкахь [[Романизаци|романизаци]] яржаярехь иза уггар эффект йолу гӀирс хуьлу. Цу тӀе уггар жигара романи мотт тӀеоьцу уллора румхой лулахоша — [[Галли|Галлехь]] (хӀинцалера Францин, [[Бельги]]н, [[Нидерландаш|Нидерландин]] а, [[Швейцари]]н цхьацца дакъошкара мехкаш) баьхна [[кельташ]]. Румхой Галли яккха буьйлабелла вайн эрал хьалхара II бӀешеран шолгӀачу декъехь, схьаяьккхира вайн эрал хьалхара 50-гӀа шераш чекхдовлуш, [[Юлий Цезарь|Юлий Цезарь]] баьчча волуш дехха тӀемаш динчул тӀехьа ([[Галлин тӀом|вайн эрал хьалхара 58—51 шерашкара галлийн тӀемаш]]). Оццу хенахь румхойн эскарш уллера уьйре довлу [[Рейн (хи)|Рейнан]] малхбалехьа шуьйрачу кӀошташкахь дехачу [[Шира германхой|германхойн тайпанашца]]. Цезарь иштта шозза воьду [[Йоккха Британи (гӀайре)|Британе]], амма и йоцачу хенахь йинчу экспедицеш (вайн эрал 55—54 шо хьалха) ца хилира тӀехьало йолуш румхойн а, меттигерчу кельтийн а юкъаметтигашна. Цул тӀаьхьа 100 шо даьлчи, 43 шарахь бен, [[Британи румхоша яккхар|Британи ца яьккхира]] румхойн эскарша, уьш цигахь бисира 407 шо кхаччалц. Иштта, пхеабӀешарахь гергга, 476 шарахь [[Падение Римской империи|Руман империи йожжалц]], цигахь дехаш долчу Галлин а, Британин а тайпанашна а, ткъа иштта германхошна а боккха Ӏаткъам бо латинан меттана.
 
== Дуьненаюкъара юкъаметтигийн меттиг ==
 
Дуьххьарлера массара тӀеэцна мотт, мел кӀезиг а, Юккъера а, Малхбуза а Европехь бу латинан мотт. Цунах ала мегар ду, цхьана хенахь иза бара цхьаъ бен боцу оцу регионера йозан мотт. Французийн, испанхойн, италхойн, ингалсан меттанаш литературан кепашка кхуьучу хенахь, дипломатин векалшна инструкцеш хӀиттайора векалчийн пачхьалкхерачу маттахь. Уггар тӀаьхьа яздан долийра немцойн маттахь. Латинан мотт лелабора дипломаташ шайна юкъахь къамелаш деш, хӀунда аьлчи агӀонашна ца хаара шеца къамел дечунан мотт.
 
Латина дӀабаьлчи алсама лелориг французийн мотт бара. XV бӀешо чекхдолуш иза хилира паччахьан кертара мотт Савойхь а, Нидерландашкахь а, кхин а императоран кертан мотт а. 1508 шарахь «Лига Камбре» (Папа, Франци, Австри, Испани) кхоллаелчи, бартбечеран бакъонаш, французийн агӀора а, империйн агӀора а, язйира французийн маттахь, амма ратификацин грамоташ хӀиттийра латинан маттахь. Ингалсан Генрих VI-гӀачо яздора Французийн Карлу VII-гӀачуьнга французийн маттахь, дукха хьолахь и матт лелабора йозанан а, бартан а юкъаметтигашкахь оцу шина пачхьалкхана юкъахь. XVI бӀешо дӀадолуш Францин паччахьо цхьаьнгге ца яздора латинан маттахь, Польшан паччахь воцачуьнга, – иштта аьттоне кхечира французийн мотт баржар<ref>De Maulde-la-Claviere, I, 80, 389.</ref>.
 
<!--