Латинан мотт — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 147:
 
Латина дӀабаьлчи алсама лелориг французийн мотт бара. XV бӀешо чекхдолуш иза хилира паччахьан кертара мотт Савойхь а, Нидерландашкахь а, кхин а императоран кертан мотт а. 1508 шарахь «Лига Камбре» (Папа, Франци, Австри, Испани) кхоллаелчи, бартбечеран бакъонаш, французийн агӀора а, империйн агӀора а, язйира французийн маттахь, амма ратификацин грамоташ хӀиттийра латинан маттахь. Ингалсан Генрих VI-гӀачо яздора Французийн Карлу VII-гӀачуьнга французийн маттахь, дукха хьолахь и матт лелабора йозанан а, бартан а юкъаметтигашкахь оцу шина пачхьалкхана юкъахь. XVI бӀешо дӀадолуш Францин паччахьо цхьаьнгге ца яздора латинан маттахь, Польшан паччахь воцачуьнга, – иштта аьттоне кхечира французийн мотт баржар<ref>De Maulde-la-Claviere, I, 80, 389.</ref>.
 
XVI бӀешо долалуш барт ингалсан, немцойн я италин меттанашкахь хӀоттабора пачхьалкхашна юкъахь, нагахь церан юкъаметтигаш доьзалан я доьзалан гергга амал йолуш ялахь. Иштта, ингалсан мотт лелабора ингалсан-шотландхойн юкъаметтигашкахь; немцойн – германин эланийн юкъаметтигаш а, Германин Богемица , Мажарчоьнца, Швейцарица юкъаметтигаш луьстуш. Италин мотт наггахь лелабо кегийчу италин пачхьалкхашна юкъахь. Нидерландашкахь а, Лотарингехь а, Мецехь а французийн мотт, хууш ма-хиллар, ненан мотт хилла. Амма дуьненаюкъара бартбаран кехат яздеш цамагабора шиъ мотт бен: латинан – апостолийн нотариусашца а, Руман курица йихкина ерриг юкъаметтигийн система а, французийн а. ТӀаьххьарчунца пайда эцара Ингалса а, Германис а, кхин дацахь а, уггар хьалха Францица а, Нидерландашца а бартбеш. XV бӀешо чекхдолуш Ингалсо шен бартаца Францийца юхаерза йолаелира латинан матте<ref>De Maulde-la-Claviere, I, 209</ref>.<ref>[https://books.google.ru/books?id=o1n8AgAAQBAJ&lpg=PP1&hl=ru&pg=PA64#v=onepage&q&f=false Э. Сатоу. Руководство по дипломатической практике. М., 1961. С. 64-65]</ref>.
 
<!--