Латинан мотт — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 149:
 
XVI бӀешо долалуш барт ингалсан, немцойн я италин меттанашкахь хӀоттабора пачхьалкхашна юкъахь, нагахь церан юкъаметтигаш доьзалан я доьзалан гергга амал йолуш ялахь. Иштта, ингалсан мотт лелабора ингалсан-шотландхойн юкъаметтигашкахь; немцойн – германин эланийн юкъаметтигаш а, Германин Богемица , Мажарчоьнца, Швейцарица юкъаметтигаш луьстуш. Италин мотт наггахь лелабо кегийчу италин пачхьалкхашна юкъахь. Нидерландашкахь а, Лотарингехь а, Мецехь а французийн мотт, хууш ма-хиллар, ненан мотт хилла. Амма дуьненаюкъара бартбаран кехат яздеш цамагабора шиъ мотт бен: латинан – апостолийн нотариусашца а, Руман курица йихкина ерриг юкъаметтигийн система а, французийн а. ТӀаьххьарчунца пайда эцара Ингалса а, Германис а, кхин дацахь а, уггар хьалха Францица а, Нидерландашца а бартбеш. XV бӀешо чекхдолуш Ингалсо шен бартаца Францийца юхаерза йолаелира латинан матте<ref>De Maulde-la-Claviere, I, 209</ref>.<ref>[https://books.google.ru/books?id=o1n8AgAAQBAJ&lpg=PP1&hl=ru&pg=PA64#v=onepage&q&f=false Э. Сатоу. Руководство по дипломатической практике. М., 1961. С. 64-65]</ref>.
 
Германан мотт буьйцучу а, кхечу а пачхьалкхашца барт барехь латинан мотт а, кхин меттанаш а лелабаран масала:
* Вестфалан барташ (1648 ш.) латинан маттахь хӀиттийна дара. 1648 ш. 30 январан Испанина а, Цхьаьнатоьхна провинцешца а юкъара барт, цуьнца тӀеххьарнаш паргӀата хиларан дери дира, хӀоттийнера французийн а, голландийн а меттанашкахь; амма Францин а, Сийлахь Руман империн а массо юкъаметтигашкахь лелийна латинан мотт Французийн революции хиллалц<ref>Garden. Historie des Traites de Paix. 5, 155, n.</ref>.
* 1670 ш. 11 июлехь хилла Ингалсан-данин барт хӀоттийнера латинан маттахь, 1674 шеран ингалсан-голландийн барт санна, амма 1677-1678 шерийн Союзан барт язбина французийн маттахь.
* 1701 ш. 7 сентябрехь бина Йоккха Союзах болу барт латиница яздина бу, иштта бу 1703 ш. 16 майхь Йоккха Британин, Императоран, Инарлин штаташна, Йоккхачу союзан декъашхойни, Португалин юкъахь бина барт.
 
<!--