[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 40:

[[Файл:Morris.dancing.at.wells.arp.jpg|180px|right|thumb|Моррис хелхар]]
Ингалсан къоман духаран масалийн даладо дукха хьолахь моррис хелхарчийн духар. И хелхар до аьхка ярташкахь. Хьалхарчу заманахь иза лорура ламасталлийн хелхар, деш хилла латта самдоккхуш, цунна боозбуунчаллийн маьӀна до. Тайп-тайпана хелхаран тобанаш тарйолуьйту классикан духаран вариацеш. Духар лаьтта Ӏаьржачу доца когаш долчу, голанаш гуонаха горгалиш оьхкинчу хечех, кӀайн кучах, пхьуьйшдоцучух, асанашца а, зезагашца а кечбина гатанбӀегӀаган я чен шляпа. Гарголаш, шляпан тӀиера зезагаш санна, дихкина зуламах ларвайта а, латта хьан дан а. Юьхьанца и хелхар божарша бен ца дора, амма хӀинца зударша а дакъалоцу.

Цул сов, ойланаш ю, цаьрца хьаьжчи ингалсан къоман духаран бух схьаэца беза ингалс-саксонийн тайпанашкара, бехаш хилла болчу хӀинцалерачу Кент графаллехь VII—VIII бӀешерашкахь. Боьршачу наха лелайора охьахецна гӀодаюкъ йихкина сирла гатан кучамаш (накхан тӀехь жима чет хилла кучан, иза озадора чимчаргӀашца) а, Ӏаьржа хечеш а. ХаьнтӀахь шаьлта хилла кхозуш. Зударша лелийна сирла еха кучамаш, цунна тӀехула юхуш хилла доьхка доьхку нуьйдарчий йолу зударийн гӀовтал.

Амма Йоккха Британехь ю цхьайолу профессионалан башхаллаш духарехь а, цуьнан дакъошкахь а. Масала, белхалоша кепканаш лелайо, ткъа портан гӀаланашкара докераш лаг тӀе къорза йовлакх доьхку; дукхах болу баккхий фермераш лелайо дуккха а хьалха модера дӀаевлла костом, хечий, пхьуьшдоцурггий, [[бӀегӀаг]]ан шляпий. ХӀинца а ган таро ю Ситин гӀуллакхан куьпашкахь клеркаш, генарчу ламастаца цхьатерра духар доьхна: готта хеча асанца, Ӏаьржа пиджак, лекха кӀайн кач, коьрта тӀехь гоьрга шляпа, ткъа карахь Ӏаьржа четар.

{| class="wikitable"
|''Хьалха хилла:''
Паччахьалла [[Уэссекс]]
[[519 шо|519]] — [[927 шо|927]] гергга
|'''Ингалс паччахьалла
[[927 шо|927]] гергга — [[30 апрель]] [[1707 шо|1707]]
|''Когаметтаниг:''
[[Йоккха Британин паччахьалла]]
[[30 апрел]] [[1707 шо|1707]] — [[1 январь]] [[1801 шо|1801]]

== Хьажа кхин ==