Вагапов, Ӏарби Джамалайлан воӀ — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Билгалонаш: Телефонаца дина нисдар Сайтан телефонан версица дина нисдарш
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Билгалонаш: Телефонаца дина нисдар Сайтан телефонан версица дина нисдарш
МогӀа 25:
}}
'''Iарби Джамалайлович Вагапов''' – [[нохчий]]н Iилманча-лингвист, филолгин Iилманийн кандидат, доцент.
 
== Биографи ==
Вагапов Iарби вина 1951-чу шарахь Казахстанехь. Ростов гIаларчу пачхьалкхан университетан физикин факультет чекхъяьккхинчул тIаьхьа физикин хьехархо волуш болх бо Iарбис.
 
1994-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет кхиамца чекх а йоккхий, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте балха хIутту. Иштта дIаболабо цо хьехархочун-Iилманчин болх. ХIетахь дуьйна, нохчийн мотт талларх шен дахаран къилба дина, къахьоьгуш схьавогIу Iарби.
 
1994-чу шарахь зорбане елира цуьнан «Славяно-нахские лексические параллели» монографи. Цу тIехь цо чIагIдо нохчийн мотт индоевропейски меттанашца кIорггера уьйраш йолуш хилар.
 
Цул тIаьхьа цо арахецна Iилманан иттаннаш белхаш, шайна юкъахь дешнийн тайп-тайпана дошамаш, методикин пособеш йолуш. Карарчу хенахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн филологин кафедрин доцент а, лексикографин лабораторин куьйгалхо а ву Вагапов Iарби.
 
[[Категори:Нохчийн яздархой]]