[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
'''Рома́н''' — [[литературан жанраш|литературан жанр]], дукха хьолахь [[проза]]н хуьлу, кхоллаелла [[юккъера бӀешераш]]кахь [[романан къаьмнаш]]на юкъахь ненан меттах лаьцна дийцар санна, ткъа хӀинца цунах уггаре а [[Эпос (литературан тайпа)|эпосан литературан]] даьржина тайпа хилла. Романо гойту адаман дахар шен карзахюьйлу [[Шовкъ (синхаам)|шовкъаш]] (хьалхарчу планехь [[Безаман роман|безам]]), къийсамаш, [[Социалан дов|социалан юкъаметтигаш]], [[Ӏалашо]]не кхачар. Шен дахаран стандартан боцучу муьран кризисан моментехь, даржийна диллина дахарех а, [[Протагонист|коьртачу турпалан]] (турпалийн) кхиарех а, роман къаьста [[дийцар]]х барамца, чолха чулацамца, буьйцу хиламаш шуьйра лацарца.<ref name="МЭСБЕ">{{ВТ-МЭСБЕ|Роман (в литературе)}}</ref>
 
Юккъерчу бӀешерашкахь яьржина яра [[Рыцарийн роман|рыцарийн дахаран романаш]] (паччахьах [[Артуриана|Артурех]], [[Тристан а, Изольда а|Тристанех а, Изольдех а]], [[Ланселот]]ех, [[Амадис Гальский|Гальский амадисех]]). Царна тӀаьххье юкъаевлира [[Реализм (литература)|реализман]] кӀеж тӀетоьхна йолу [[Хьарамчийн роман|хьарамчийн]] а, [[талорхойн роман]]аш. [[Сатира|Сатиран]] элементаш юкъатуьйхира [[Сервантес]]а а, [[Рабле]]с а. Ингалсехь йолийна [[Хьехаман роман|хьехаман]] а, [[Дог кӀедалла|дог кӀедаллин]] а романийн юьхьиг ([[Дефо, Даниель|Дефо]], [[Ричардсон, Сэмюэл|Ричардсон]], [[Филдинг, Генри|Филдинг]], [[Гольдсмит]]); циггахь шуьйра кхиа йолаелира [[историйн роман]] ([[Вальтер Скотт]]), [[Амалийн роман|амалаш йийцаран]] а, [[Психологин роман|психологин а романаш]] ([[Диккенс]] а, [[Теккерей]] а). [[Реализм (литература)|Дахар ма-дарра гайтаран]] а, [[Натурализм (литература)|натурализман]] а романан даймохк хилира Франци ([[Бальзак]], [[Флобер]], [[Золя]], [[Гонкураш]], [[Мопассан]]). Францино белла чӀогӀа дика идеалан, [[Романтизм|романтикан]], [[Психологин роман|психологин]] ишколийн романан векалш ([[Жорж Санд]], [[Виктор Гюго]], [[Бурже, Поль|П. Бурже]], кхин а). Немецойн а, италихойн а романаш тӀехьаюзура ингалсийн а, французийн а васташна. XIX бӀешерийн шолгӀачу декъехь а, XX бӀешераш долалуш а боккха Ӏаткъам бира европан литературан скандинавийн романаш ([[Бьёрнсон, Бьёрнстьерне|Бьернсон]], [[Ли, Ионас|Ли Ионас]]<ref>[http://feb-web.ru/feb/litenc/encyclop/le6/le6-3533.htm Jonas Laurite Idemil Lye, 1833—1903]</ref>, [[Хьелланн, Александр|Хьелланн]], [[Стриндберг, Август|Стриндберг]]) а, оьрсийн ([[Достоевский, Фёдор Михайлович|Достоевский]], [[Толстой, Лев Николаевич|Л. Толстой]]) а.<ref name="МЭСБЕ" />
 
== Романийн тайпанаш ==