Цийн Халкъан Республика — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж →‎Мотт а, йоза а: clean up, replaced: индонези → ХӀиндонези using AWB
МогӀа 960:
Цийра 55 кегийчу къаьмнех дукхаха долчера шайн меттанаш ду. Пачхьалкх мукъаяккхале, дукха хьолехь Цийн мотт буьйцу [[Хуэйцзу|хуэй]] (дунганаш), маньчжураш и шэ къаьмнаш доцуш, шайн къоман маттахь къамел а дора, яз а дора монголаш, тибетцаш, уйгураш, корецаш, кхазакхаш, сибош, тайш, узбекаш, киргӀизаш, гӀезалоша, оьрсаша. Шайн йоза дара [[Наси (къам)|наси]], мяо, цзинпо, лису, ва, лазу, амма иза шуйра лелош дацара. Йисина 34 этнически тоба къоман йоза ца хилла.
 
ЦХР кхоьллинчул тӀаьхьа правительствон программица кхоьллина, нисбина йозан меттанаш 10 этносийн тобана, уьш ю чжуан, буи, мяо, дун, хани, ли, кхин а, тодина йоза уйгури, кхазакхи, цзинпо, лаху, тай. Лингвистин классификацийца, 29 мотт цийн-тибетийн, 17 — алтайн, 3 — къилбаазин, 2 — хӀиндоевропин доьзалера бу. Тайванехь баьржина болу гаошань мотт индонезинХӀиндонезин доьзалера бу. Цхьа мотт мичара бу хӀинца а хууш дац.
 
Цийн '''йоза''' [[иероглиф]]ех ду, схьадогӀу Шан династин (16—11 бӀаьшо вайн эрал хьалха) дехкина хӀуманийн суьрташ (дешнаш хийцина йолу символаш, лелайора хин дерг хаархьама) долу палтосу даьӀахкашкара. Йозан гӀирс хийцабеллехь а, цийн иероглифаш ширачу заманахь хийцамаза дисина. Газет деша 3000 сов иероглиф хаадеза, ткъа дешана стегана 5000 сов иероглиф йовзаеза. 1913 ш. дуьйна Цийн Ӏедалан къамелан мотт бу [[путунхуа]] (мандарин) диалект, кхин а лаххара а 7 регионийн [[цийн мотт|цийн меттан]] диалекташ ю, къамел юкъахь яккхийра башхаллаш йолуш, цундера къамелехь Цийн маьӀ-маьӀнера бахархой ца кхета дуьйцучух. Уьш вовшахтуху иероглифийн системан йозано.