Латинан мотт — Версийн башхалла

749 байт тӀетоьхна ,  2 шо хьалха
=== Классикан тӀаьхьара латина ===
Руман исбаьхьаллин литературан мотт классикан латинах къастабо, цунах классикан тӀаьхьара (тӀаьхьара антикан) муьран мотт олу, хронологица керлачу эран хьалхарчу шина бӀе шерашца нисло иза ([[Принципат|хьалхара империн]] мур). Бакъ ду, оцу хенан прозаикийн а, поэтийн а мотт ([[Сенека]], [[Публий Корнелий Тацит|Тацит]], [[Ювенал]], [[Марциал]], [[Апулей]]) къаьста къаьсташ йолчу шен кепарца; амма хьалхарчу бӀешерашкахь кхоллаелла латинан меттан грамматикан хӀоттаман норманаш йоха ца йо. Латинан меттан классикан а, классикан тӀаьхьара а аьлла бекъабаларан лингвистикал чӀогӀа литература Ӏаморан маьӀна ду.
 
=== ТӀаьхьара латина ===
Латинан меттан тӀаьхьара латина олуш болу мур билгалболу ша-кепара, хронологин дозанаш ду III—VI бӀешераш — [[Доминат|тӀаьхьара империн]] а, и йоьжначул тӀаьхьа кхоллаяларан а мур. Оцу хенан яздархойн кхолламашкахь — дукхах дерг историкийн а, керсталлин дешанчу нехан а — хуьлу морфологин а, синтаксисан а хиламаш болуш меттигаш а, иза керлачу романийн меттанашка дехьадовларан кечам бу.
 
== Меттан дуьненаюкъара юкъаметтиг ==