Латинан мотт — Версийн башхалла

946 байт тӀетоьхна ,  2 шо хьалха
=== ТӀаьхьара латина ===
Латинан меттан тӀаьхьара латина олуш болу мур билгалболу ша-кепара, хронологин дозанаш ду III—VI бӀешераш — [[Доминат|тӀаьхьара империн]] а, и йоьжначул тӀаьхьа кхоллаяларан а мур. Оцу хенан яздархойн кхолламашкахь — дукхах дерг историкийн а, керсталлин дешанчу нехан а — хуьлу морфологин а, синтаксисан а хиламаш болуш меттигаш а, иза керлачу романийн меттанашка дехьадовларан кечам бу.
 
=== Юккъера бӀешерийн латина ===
Юккъера бӀешерийн, я керсталлин латина — иза уггаре хьалха литургин (Далла гӀуллакхдаран) тексташ — хӀосташ, эшарш лекхар, дуӀанаш ду. IV бӀешо чекхдолуш [[Иероним Стридонский]]с гочйина ерриг [[Библи]] латинан матте. «[[Вульгата]]» цӀарца бевзаш болу и гоччам, лерира оригиналца цхьа мах болуш XVI бӀешарахь католикийн [[Тридентан гулам]]ехь. Оцу хенахь дуьйна латинан мотт, цхьаьна могӀара [[Ширажугтийн мотт|ширажугтийчуьнца]] а, [[Ширагрекийн мотт|ширагрекийчуьнца]] а, лору Библин беза мотт.
 
== Меттан дуьненаюкъара юкъаметтиг ==