Ӏаьрбийн мотт — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 605:
 
Iарбийн мотт чIогIа кхиина [[Флективан мотт|флективаллан]] амал йолуш бу. [[Семитийн меттанаш|Семитийн]] а, [[ХIиндоевропан меттанаш|хIиндоевропан]] а меттанийн флективалла а, флективалла тера хилар а цхьаболчу меттан талламхоша доккхачу хаттаре хIоттийна. ХIиндоевропан меттанийн флективалла къаьстина хилам бу семитийн меттанийн флективаллах, хIунда аьлчи таро ю кхин а чIогIа юкъаметтиг латто ораман флексица. Iарбийн меттана амалехь ю [[Агглютинаци (лингвистика)|агглютинаци]]. Цхьаболчу Iилманчаша, масала, [[Александр Александрович Реформатский|А. А. Реформатскийс]], лору, семитийн меттанийн [[фузи]] — агглютинацин башха кеп хилар, хIунда аьлчи семитийн дешан фузи — шен луьра формулашца йоьду процесс ю, иза Iарбийн авторшна хазахета гойтуш кхоъ элп долу орамца فعل ''дар'' маьIна долуш, ткъа шеш фузи кхуллу мукъа аьзнаш, орамах мукъа ду. Цунах тера, амма иштта дац, семитийн боцу меттанашкахь а хаало, масала, германийн. Иштта ду, масала, дешнаш цхьааллин а, дукхаллин а терахьашкахь ингалсан маттахь: foot — feet, tooth — teeth я ингалсан харц хандешан ораман мукъа аз хийцар я немцойн маттара онда хандешан мукъа аз хийцар, амма германийн меттанашкахь дац гуттаренна а фузин формулаш лелаяр. Iарбийн меттара дукхаха долу дешнаш дуьххьарлерачу кепан тIедалало.
 
Мотт буьйцучун хьекъале орам бекъа ца лахь а, орамаш бовзар пайдехь ду \арбийн меттана оццул шуьйра делла дешан орамаш дагахь латтийта.