Сахьтан аса — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 18:
Таханлера сахьтан асанийн бух бу [[дерриг дуьненан координаци йина хан]], цунах йозу ерриг сахьтан асанийн хан. ХӀора [[Дукхалла|дукхаллин]] градусан (я хӀора [[градус, минот, секунда|минотана]]) меттигера хан ца хоттохьама, [[Дуьне]] доькъу 24 сахьтан асане. Цхьаьна сахьтан асанера кхечу асане ваьлчи миноташ а, секундаш а ма-ярра юьсу, хийца ца ло сахьт бен. Цхьацца пачхьалкхашкахь, меттигера хан къастало дерриг дуьненачух дийна сахьташ доцуш, кхин а тӀе 30 я 45 минотана.
 
Теоретикехь дуьненан горгалан 24 сахьтан асанийн дозанаш хӀора асанан юккъерачу меридианан дехьа а, сехьа а 7,5° гена йоьдучу [[меридиан]]ашца хила деза, цу тӀе [[Гринвич (Лондонан боро)|гринвичан]] меридианан гуонаха лела дерриг дуьненан хан. Амма меттигашкахь, цхьаьна я масех административан махкахь цхьа хан хилийтархьама, асанийн дозанаш дӀасахилийна меридианийн теоретикан дозанал. Меттигашкахь сахьтан асанаш йовш меттигаш а нисло. И амал ю 60° шораллал лакхарчу регионийн, масала: Аляска, Гренланди, Российн къилбаседа регионаш.
 
[[Къилбаседа полюс|Къилбаседа]] а, [[Къилба полюс|Къилба]] а полюсашкахь меридианаш цхьаьнакхета, цундела сахьтан асан кхетаман маьӀна дов, цуьнца цхьаьна меттиган хенан а. Полюсашкахь [[дерриг дуьненан хан]] лело езаш лору, амма [[Амундсен — Скотт (антарктикан станци)|Амундсен-Скотт]] (Къилба полюс) станцехь лела [[Керла Зеланди]]н хан.
 
== Хан ==