Филиппинаш — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 69:
=== Географин хьал ===
Филиппинийн пачхьалкхо дIалоцу [[Малайн архипелаг]]ан дакъа долу Филиппинийн гIайренаш. Филиппинийн долара 7100 сов гIайренех уггаре даккхийнарш: [[Лусон]], [[Минданао (гIайре)|Минданао]], [[Самар]], [[Панай]], [[Палаван]], [[Негрос]], [[Миндоро]], [[Лейте]], [[Бохоль (гIайре)|Бохоль]], [[Себу]]. Филиппинийн архипелаган къилбаседера къилбехьа йохалла 2000 км гергга, малхбузера малхбалехьа — 900 км. ГIайренан малхбузехьа [[Къилба-Цийн хIорд]] бу, малхбалехьа — [[Филиппинан хIорд]] бу, къилбехьа — [[Сулавеси хIорд]], къилбаседехьа Филиппинийн гIайренаш [[Тайвань]] гIайренах къастийна [[Баши]] хидоькъено. Филиппинийн гIайренийн уггаре къилбаседан меттиг — гIайре [[Батанес]] ю. Уггаре къилбаниг — гIайре [[Сибуту]]. Уггаре малхбузаниг — гIайре [[Балабак]], ткъа уггаре малхбалениг — гIайре Минданао. Бердан асан йохалла 36,3 эз. км. ГIайренийн ерриг майда — 299,7 эз. км².
 
ГIайренийн рельефехь коьртаниг лаьмнаш ду, уггаре лекханиг царех — [[Апо (тIаплам)|тIаплам Апо]] (2954 м) — лаьтта Минданаон гIайрен тIехь. Ломан даккъаш — тIапломан кепара ду, хIунда аьлчи архипелаг лаьтта материкан а, океанан а литосферан экъанаш хIитталучохь, лаьтта [[Тийнаокеанан цIеран хIоз]] юкъахь, ткъа цигахь лакхара сейсмолла а, тIапломалла а ю. ХинкIорген [[апари]]ш а, тIапломан гIайренаш а — Филиппинийн башха амал ю. Минданао гIайренашна уллехула чекхйолу 10 830 м кIорга йолу [[Филиппинийн апари]] — дуьненан океан чохь уггаре кIоргачех.
 
== Географи ==