[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 13:
 
Ширачу паччахьаллин юьххьехь (вайн эрал XXVII бӀешо хьалхара) мисархоша лелийна 24 аьзнийн [[иероглиф]]аш. Амма абатан хьесап дина семийн къаьмнаш. Вайн эрал 2,5 эзар шо хьалха йозанчаша [[Эбла]] (хӀинцалера Тель-Мардих, Къилбаседа Шема) гӀалахь йира классификаци йира Месопотамера эцначу дешдекъан хьаьркийн [[зайлан йоза]]нийн. И йоза лелош дара меттигера [[эблаитийн мотт]] а, месопотамера [[шумерийн мотт]] а дӀаязбеш. Хетарехь, зайлан йозан а, мисран йозан а зеделларг лелор бахьнехь, семигӀар вайн эрал 1,5 эзар шо хьалха кхоьллина иштта юьхьанцлера тайпана консонантан-дешдекъан йоза, цу чохь мукъаза аз билгалдоккху хьаьркаш яра (масала, w) муьлххачу мукъа азца цхьаьна (wa, wi, wu, тайпана дешдакъош дӀаяздеш зайлан йозанехь санна тайп-тайпана хьаьркашца ца яздора, цхьаьнца яздора.
 
Йозан хьаьркашна юкъа мукъа аьзнаш тобхчи, кхоллаелира абат.
 
Уггаре ширачех ю [[Угарит]] гӀала-пачхьалкхан [[Угаритан йоза|абат]], иза евза вайн эрал 1,5 эзар шо хьалха дуьйна. Хьаьркаш латтаран низам тера ду вайн эрал 1,1 эзар шо хьалхара [[малхбузасемийн йоза|малхбузасемийн абатачух]]: [[Финикийн йоза|финикийн]], [[Ширажугтийн йоза|ширажугтийн]], кхин а. [[Лаьттаюккъера хӀорд]]ан малхбален берда тӀехь баьхна болу [[Финикихой]], ширачу заманахь гӀарабевлла хӀордахой бара. Цара жигара йохк-эцар лелайора [[Лаьттаюккъера хӀорд]]ан гуонахьарачу пачхьалкхашца.