[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 29:
 
[[Вайн эрал I эзар шо хьаха]] Къилба Итали схьаяьккхинера грекаш. Цуьнан жамӀ хилира Италин тайп-тайпанан къаьмнашна грекийн йоза довзар. Грекийн абат мокеп хилира [[Латинан йоза|латинан]] а кхин [[италийн абаташ|италийн]] (иштта Ӏаткъам хилла этрусскин йозанан) абатийн. [[Руман импери]]н муьрехь шуьйра даьржира латинан йоза а, мотт а. Цуьнан Ӏаткъам чӀагӀбелира [[Юккъера бӀешераш]]кахь Европан дерриг къаьмнаш керсталла тӀеэцар бахьнехь. Латинан мотт хилира далла гӀуллакх даран мотт Малхбуза Европан ерриг пачхьалкхашкахь, ткъа латинан йоза — динан жайнаш яздан магийна цхьаъ бен боцу мотт хилира.
 
Юккъерачу бӀешерийн хьалхарчу шерашкахь дуьххьара дӀа я юкъараллин грекийн Ӏаткъамца кхоллало [[эрмалойн йоза|эрмалойн]] ([[Месроп Маштоц]]), [[гуьржийн йоза|гуьржийн]], [[готийн йоза|готийн]] ([[Ульфила]] хилар хета), шираславянийн [[глаголица]] а, [[кириллица]] а ([[Кирилл а, Мефодий а]], церан дешархой а), кхин а абаташ, шайн цӀерийн а, хьаьркийн кепийн а низам ма-дарра я билгалчу хийцамашца йогӀу грекийчуьнца. Керла меттанаш дӀаязбан кхин дӀа йина абаташ йолуш йолчу абатийн бух тӀехь йира, уггаре хьалха латинан, кириллан йозанашца. Вайн эрал I эз. шо хьалха хиларан тешалла ду [[къилбаӀарбийн йоза|къилбаӀарбийн абаташ]], иза хилира малхбузасемийн системан шира га. Хьалхара документашца вевза йозанан системийн говзанча ву [[Месроп Маштоц]], цуо [[406 шо|406 шарахь]] [[Эдесса]] а, [[Самосата]] а гӀаланашкахь чекхбаьккхира [[Эрмалойн абат яран истори|эрмалойн абат яран болх]].
 
=== [[Арамейн абат]] а, цуьнан тӀаьхьенаш а ===