Бангладеш — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 85:
 
1905 шерера 1911 шо кхаччалц гIиртира шина областана [[Бенгали хьалхара екъар|Бенгалин регион екъа]], малхбален декъан [[Дакка]] коьрта шахьар а йолуш<ref>Baxter, pp. 39-40</ref>. 1947 шарахь [[Британин ХIинди|ХIинди йоькъуш]] Бенгала регион екъна динан хьесапца. Бенгалан малхбуза дакъа ХIиндин юкъаяхана, ткъа малхбален дакъа тIетоьхна [[Пакистан]]ан, Малхбуза Бенгал провинцин (тIаьхьа Малхбален Пакистан аьлла цIе хийцина) хьолехь, коьрта шахьар [[Дакка|Дакке]] а йолуш<ref name="collins">{{cite book |last=Collins |first=L |coauthors=D Lapierre |year=1986 |title=Freedom at Midnight, Ed. 18 |publisher=Vikas Publishers, New Delhi |isbn=0-7069-2770-2 |unused_data=ISBN status=May be invalid – please double check}}</ref>.
 
1950 шарахь Малхбален Бенгалехь лаьттан реформа хилира, цуьнца дIаяьккхина феодалийн система [[заминдар]]<ref>Baxter, p. 72</ref>. Амма, мехкан малхбален экономикан а, демографин а ницкъе хьаьжна ца Iаш, [[Пакистан]]ан правительствехь а, нуьцкъалчу урхаллашкахь а даржехь бара малхбузан декъера бевлларш. 1952 шарахь кхоллабеллачу [[Бенгалхойн меттан статусах болу къовсам|Бенгалхойн меттан статусан болам]] хилира дуьххьарлера ладаме хаам Пакистанан шина областан юкъахь барт ца хиларах<ref>Baxter, pp. 62-63</ref>. Реза ца хилар тIекхетара, центран правительство экономикан а, оьздангаллин а сферашкахь бечу белхашца тIаьхьадогIу итт шарахь, оцу хенахь кхоллаелира политикан парти [[Авами Лиг]] бангла-мотт буьйцучу бахархойн векал хилла. Автономи яларе кхайкхам беш волу Авами Лиг партин корта [[Рахьман, Муджибур|Шайх Рахьман Маджибур]] 1966 шарахь лаьцна, набахти чувоьллира, арахийцира 1969 шарахь юкъараллин ойланийн Iаткъам бахьнехь.
{{Азин пачхьалкхаш}}