Жоьжахати — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла агӀо: «{{Эсхатологи}} '''Жоьжахати''' — къинош дерг веллачул тIаьхьа, къиза Iазапехь таIзар ден меттиг. =…»
 
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 5:
{{main|ДжахIаннам}}
Бусалбанийн кхетам бу Жоьжахатех АллахIа геч ца дина къинош летийнарш кхочур болу меттиг аьлла. Бусалбачеран Жоьжахатех болу хаамийн хьост Къуръан а, [[Мухьаммад]] пайхамаран {{С.I.в.}} дош а ду. Жоьжахатан хой бу — 19 буьрса малик, ткъа Жоьжахатан коьрта хехо — ницкъ болу малик [[Малик (малик)|Малик]] ду. Пайхамара ма-диццара, Жоьжахати а, [[Ялсамане]] а хIинцале кхоьллина ю, амма адамаш царна чугIур бу [[Къиемата де|барт хаьттинчул тIаьхьа]].
 
Жоьжахатехь цIеран Iазап хир ду, иза дуккха а йовха ю дуьненан цIерал, маларш хир ду кхехка хих а, ноткъех а, ткъа кхин а жоьжахатан диттан [[Заккум]]ан стоьмаш а хир ду.
Делах тешаш боцучеран Жоьжахатера дахар гуттаренна а хир ду, ткъа Жоьжахатан таIзар къинош долчу бусалбанийн гуттаренна хир дац, цхьа хан яьлчи (мел ю АллахIан бен хууш дац) уьш паргIат бевр бу жоьжахатан цIерах, тIаккха ялсаман чугIур бу.<ref>Сборник хадисов «Сахих аль Бухари», глава «О качествах ада и том, что он уже сотворен», автор: имам Аль Бухари, Пер. с араб. Абдулла Нирша. — 5-е изд., испр. — М.: Умма, 2007</ref> [[Къуръан]]ан сийлахь аяташкахь дуккха а хьахийна Жоьжахати, масала:
 
{{шортта цитаташ}}
«Лаам церан ЦIергара арабовлар хир бу, амма цкъан а уьш цу чуьра арабевр бац, царна — гуттаренна а таIзар ду». (Къуръан 5:37)