[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 21:
Хьуьжаран гӀишлойн архитектуран тайпа хӀоьттина бусалба дуьненан малхбалехь [[X бӀешо|X]]—[[XII бӀешо|XII бӀешерашкахь]] (Бухарера Фарджек хьуьжар, X бӀешо, ца йисина); Харгирдера Низамие, [[Иран]], XII бӀешо. XII—XIII бӀешерашкахь хьуьжарш йира Гергарчу Малхбалехь ([[Димашкъ]]ера ан-Нурия аль-Кубра хьуьжар, XII бӀешо, [[Аль-Мустансира хьуьжар|БагӀдадера Мустансирийа]], XIII бӀешо), [[XIII бӀешо|XIII]]—[[XIV бӀешо|XIV бӀешераш]]кахь — къилбаседа Африкехь ([[Фес]]ера Саффарин хьуьжар, XIII бӀешо, [[КъахӀир]]ера Хьасанан, XIV бӀешо).
 
[[Файл:Ulugh bek madrasah.jpg|мини|слева|[[Бухара|Бухарера]] [[Улугбек]]а хьуьжар]]
1—2 гӀатлин хьуьжаран юкъайогӀу еакӀуо кертан гуонахьа йолу мутӀаӀалимаш беха цӀа, маьждиг, дешаран чоь. Хьуьжарш цхьаьна кепара елахь а, амма тайп-тайпана областашкара хуьжарш вовшех къаьста планировкица а, конструкцешца а. [[Юккъера Ази|Юккъерачу Азехь]] маьждиг а, дешаран чоь а гӀишлон корпус чохь хуьлу, кевнан шинне а агӀора (ков лаьтта коьрта фасадан семан тӀехь), [[Шема]]хь а, [[Мисар|Мисрахь]] а цара дӀалоцу керта агӀора дӀайиллина учеш. [[Жима Ази|Жима Азехь]] хьуьжаран керт дукха хьолахь къовлу йоккхачу нартолца. Азехь тхьов нартолех хуьлу, [[Къилбаседа Африка|Къилбаседа Африкехь]] — герагца къевлина варкхалан тхьов. Хьуьжар кечйо [[стукко]], тӀулг, дечиг агарца, ткъа иштта аьгна терракотаца а, хит уху экъанца а. Уггаре а дуьненан хазнех ю Фесера Бу-Инания хьуьжар (XIV бӀешо), Бухарера [[Улугбек]]ан хьуьжар ([[XV бӀешо]]), Бухарера Мири-Ӏараб хьуьжар ([[XVI бӀешо]]).