Антигуа а, Барбуда а — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 80:
 
[[Файл:St Johns Antigua 2012.jpg|thumb|250px|Сент-Джонсан центр]]
Антигуан а, Барбудан а политикан система билгалйоккху унитаран парламентан монархи олий. Антигуахь а, Барбудахь а болх беш ю вестминстеран модель, цуьнан амалехь ю башха хьолаца екъар а, Ӏедалийн геннийн юкъаметтигаш лелор а. Пачхьалкхан корта бу [[Йоккха Британи]]н паччахь, цуо хӀоттаво инарла-губернатор, цуьнгахь ерш вакийлатан функцеш. [[Лейк-Тэк, Луиза|Лейк-Тэк Луиза]], 2007 шарахь Антигуан а, Барбудан а исторера инарла-губернатор хӀоьттирахӀоьттина дуьххьарлера губернатор-зуда ю.
 
Министрийн Кабинет кхуллу харжамашкахь тоьллачу партин декъашхойх, премьер-министро ([[2014 шо|2014 шеран]] [[13 июнь|13 июнехь]] дуьйна — [[Браун, Гастон|Браун Гастон]]) аьлла йолу министрийн кандидатураш формалан къобалйо инарла-губернаторо. Премьер-министр ву правительствон корта, цуьнгахь ду [[кхочушдаран Ӏедал]]. Правительствос жоп ло парламентан хьалха, цуо цунна гайта таро ю цатешаран вотум (конституцин 73 яз.). Премьер-министро охьадуьллу шен дарж, нагахь парламент дӀасахецнехь я кхечу меттигехь, цуьнан депутатийн мандат дайнехь я цхьаьна хенан ницкъ дӀабавьллехь. Министран пост йов инарла-губернаторан омарца, цуо сацам бо премьер-министран дехарца, ткъа иштта премьер-министр я парламент дӀасахецча.