Антигуа а, Барбуда а — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 83:
 
Министрийн Кабинет кхуллу харжамашкахь тоьллачу партин декъашхойх, премьер-министро ([[2014 шо|2014 шеран]] [[13 июнь|13 июнехь]] дуьйна — [[Браун, Гастон|Браун Гастон]]) аьлла йолу министрийн кандидатураш формалан къобалйо инарла-губернаторо. Премьер-министр ву правительствон корта, цуьнгахь ду [[кхочушдаран Ӏедал]]. Правительствос жоп ло парламентан хьалха, цуо цунна гайта таро ю цатешаран вотум (конституцин 73 яз.). Премьер-министро охьадуьллу шен дарж, нагахь парламент дӀасахецнехь я кхечу меттигехь, цуьнан депутатийн мандат дайнехь я цхьаьна хенан ницкъ дӀабавьллехь. Министран пост йов инарла-губернаторан омарца, цуо сацам бо премьер-министран дехарца, ткъа иштта премьер-министр я парламент дӀасахецча.
 
Антигуан а, Барбудан а [[Законашкхолларан Ӏедал]] правительствехь а, [[парламент]]ан шинне палатехь а ду. Шина палатан парламент лаьтта Сенаторех (17 сенатор) а, Палатан векалех (17 депутат) а.
 
Итт сенатор хӀоттаво инарла-губернаторо премьер-министро къобалбийриш, виъ сенатор — оппозицин тхьамдано къобалбийриш. Инарла-губернаторо цхьа сенатор хӀоттаво инарла-губернаторан оьшу аьлла хета социалан я кхечу тобанийн лаамаш кхочашбаран векал вой. Инарла-губернаторо хӀоттийна сенатан цхьа декъашхо, Барбудан Законашкхолларан кхеташонан лаамийн векал ву, кхин цхьаъ а иштта хӀоттаво Барбудера премьер-министро къобалвийриг. Сенатор хила таро ю муьлхха а мехкан гражданин, 21 шерал къуона воцург, даиман а цуьнан махкахь вехаш волу ша хӀоттавале 12 бутт хьалха дуьйна (ст. 29).
 
== Церах лаьцна ==