Багаман ГӀайренаш — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 50:
== Этимологи ==
ЦӀеран маьӀна билггала хууш дац, оцу хьокъехь шиъ коьрта гипотеза ю. Цхьана гипотезца, цӀе схьаяьлла меттигера метта декъан фраза «''Taíno ba ha ma''» («доккха лакхара юккъера латта»)<ref>{{cite book |title=Bahama Saga: The epic story of The Bahama Islands |page=47 |author=Peter Barratt |year=2004 }}</ref>; вукха гипотезца, цӀе схьаяьлла [[Испанийн мотт|испанхойн]] дешнех «baja mar» («гомха хи» / «гомха хӀорд» я «[[хӀорд тӀекхетар а, чубожар а|хӀорд чубожар]]»), цуо гойту оцу кӀоштара хи гомха хилар. Кхин цхьа ойла а ю, и цӀе схьаяьлла хила тарло меттигерчу «Гуанахани» метта декъан дешах, маьӀна цуьнан билгал ца даьлла<ref>https://www.etymonline.com/word/bahamas</ref>.
 
== Истори ==
{{main|Багаман ГӀайренийн истори}}
Дуьххьара Багаман гӀайренаш тӀехевшинарш лору [[лукаянаш]] (кхузара ю цӀе Лукайн гӀайренаш<ref>{{ВТ-ЭСБЕ|Лукайские острова}}</ref>), [[аравакаш|аравакийн]] тайпанан га, уьш кхуза кхаьчна [[IX бӀешо]] гергга долуш. ГӀайренаш [[Географин белламийн мур|дӀадиллина]] [[Колумб, Христофор|Колумб Христофора]] [[1492 шо|1492 шарахь]]. Архипелаган цхьа гӀайре —Уотлинган гӀайре ([[Сан-Сальвадор (Багаман гӀайренаш)|Сан-Сальвадор]]) — [[1492 шо|1492 шеран]] [[12 октябрь|12 октябрехь]] дӀадиллинчу [[Керла Дуьне (Америка)|Керла Дуьненан]] латта ду. Цул тӀаьхьа кхо шо даьлчи дуьххьарлера испанийн колонихой дӀатарбелира архипелаг тӀехь.
 
Испанхоша меттигера бахархой дӀабуьгура Эспаньоле ([[Гаити (гӀайре)|Гаити]]) [[лай]]ш бан, 25 шо даьлчи индахойн бахархой берриг аьлча санна [[геноцид|дӀабевлира]], ткъа испанхоша йитира и меттиг.
 
== Хьажа ишта ==