[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 9:
Алиш декъало ''гуттаренна дерш'' а, ''заманан (дакъалуш дерш)'' а, ''акъарин'' а, ''ломан'' а.
 
Алин [[харш]] дукха хьолахь ситтина хуьлу<ref name=gorkin/>; Ӏаламан алин харшаш кӀезиг хийцало, амма цхьацца бахьнийн Ӏаткъамца ([[боьра]]н [[Эрози (геологи)|боьран эрози]], [[токхам]], [[мохк бегор]]) тарло дикка хийца шен латтар, кеп, барам. Алин амалехь ю готта [[атагӀа]] а, гӀийла къаьсташ [[тогӀи]] а<ref name=gorkin/>. Заманан (дакъалуш долу) алиш хийца тарло харш а, охьадоьду агӀо а хӀора шарахь ала мегар долуш. Дукха хьолахь алин агӀо хийцало адаман Ӏаткъам бахьнехь.
 
Картографехь «али» термин леладо Ӏаламан охьадоьду хишна, нагахь цуьнан дохалла 10 километр ца кхачахь (гуттаренна я заманан делахь а). 10 километр сов Ӏаламан охьадоьду хишна лелайо термин «эрк». Юкъарадаккхар ду Ӏам чуьра я эрк чуьра догӀу Ӏаламан охьадоьду хиш, шен рогӀехь, уьш чукхета кхечу эркашна, алишна, тӀаккха уьш хуьлу оцу эркийн я алийн харшан дакъа (хӀунда аьлчи эркан новкъара Ӏам хих дуьзина ор лара мегар ду). Иштта хишшах, нагахь уьш тоъал даккхий делахь, эрк ала мегар ду. Иштта эркаш шорта долу цхьацца меттигашкахь (масала, [[Колыма (хи)|Колыма]] хин лахенашкахь), царна лелайо башха термин «виска» (амма иза шуьйро ю, цунна чудогӀу хершан Ӏаьмнаш коьртачу хих туху алиш а, эркаш а). Кхин цхьаъ юкъарадаккхар — нагахь али я эрк меттигерачу бахархоша шайн ламастехь олуш делахь тӀаккха цара ма-аллара хуьлу.