Адриатикин хӀорд — Версийн башхалла

1654 байт тӀетоьхна ,  1 шо хьалха
== Географи ==
Адриатикан хӀордан майда — 144 эз. км², кӀоргалла — 20 м тӀиера хӀордан къилбаседан декъехь 1230 м кхаччалц — къилба-малхбален декъехь. Бух нийса бу гӀийла таьӀна а болуш къилбаседа-маллхбузера къилба-малхбалехьа. Буха йижина фораминиферан гӀамарш а, сацкъарш а, бердашца жагӀа, тӀо, гӀум ю. Къилба декъехь [[Отранто хидоькъе|Отранто]] хидоькъенца кхета [[Ионикан хӀорд]]ах. Латта юкъа бахана 796 километр, хӀордан шоралла 93 – 222 километр.
 
Малхбуза бердаш дукхаха дерш лоха ду, малхбален — лаьмнаш долуш ду. Къилбаседа-малхбузан а, малхбузан а бердашца акъареш ю, меттигашкахь айманаш а ю: хӀордан оцу декъе эркаш (коьртаниг По а, [[Адидже]] а) охьатекхо хӀуманаша иза бузу, иза бахьнехь шира порташ Адрия а, [[Л’Акуила]] а хӀинца лаьтта хӀордан гена. Малхбален бердашна гергахь ду [[Далматин гӀайренаш]], уьш баххьаш бу бердаца долчу [[Динаран акъари]]н даккъийн, ломан атагӀеш Балканан ахгӀайрен малхбуза агӀо охьатаьӀаш хи хьаьдда юьзна. Бердаш чӀогӀа чолхе хедийна ду айманаша, шорта аьтту болуш гаванаш ю. Яккхий айманаш ю [[Венецин айма|Венецин]], [[Триестан айма|Триестан]], [[Манфредони]]. ХӀорд бердашца кӀорга бу, цуо аьтто бо кеманаш леларна. Уггаре даккхий бердашца долу гӀайренаш — [[Крк]] (405 км²), [[Црес]] (405 км²), [[Брач]] (395 км²), [[Хвар]] (300 км²), [[Паг]] (285 км²), [[Корчула]] (276 км²)<ref>[http://www.dzs.hr/Hrv_Eng/ljetopis/2005/01-tab.pdf Центральное бюро статистики Хорватии]</ref>.
 
== Коьрта порташ ==