[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 55:
=== Протерозойн эра (570—2500 млн шо хьалха) ===
Массо хаттаршна жоп луш йолу, эукариотин фотоавтотрофан организмаш схьайовларан цхьа теори, цкъачунна яц. Царех цхьамма ([[симбиогенезан теори]]) тардолуьйту эукариотийн фототрофаш кхоллаелла хилар, дехьаялар эукариотин [[гетеротрофаш|гетеротрофан]] амёба кепара клеткаш [[фототрофаш|фототрофан]] тайпана дааре санна, симбиозехула фотосинтезан бактерешца, цунах тӀаьхьа хлоропласт хилла. Оцу теорица, ишттачу кепара хуьлу митохондреш аэробийн бактерех. Иштта йовлу хин бецаш — дуьххьарлера боккъала а йолу ораматаш. Протерозойн эрехь шуьйра кхуьу цхьаьна клеткан а, колонин синабаьццара а хин бецаш, юкъайовлу цӀиен а, баьццара а хин бецаш.
 
=== Палеозойн эра (230—570 млн шо хьалха) ===
[[Силур]]ан чеккхенгахь (405—440 млн шо хьалха) Дуьнен тӀехь хуьлу жигара [[лаьмнаш кхолладаран процессаш]], цара гучудоху Скандинавийн лаьмнаш, Тянь-Шанан а, Саянийн а лаьмнаш, ткъа иштта гомха а дой тӀепаза дойу дуккха а хӀордаш. Иза бахьнехь цхьацца хинбецаш (хӀинцалерачу [[харан хинбецаш|харан хинбецех]] тера йолу) арайовлу латтан тӀе, яьржа [[литораль|литоралехь а, супралиторалехь а]], иза хила таро йира бактерийн а, цианобактерийн а белхаша, цара кхоьллира екъачу меттигашна тӀехь хьена латтан субстрат. Иштта кхоллало дуьххьарлера [[лакхара ораматаш]] — [[риниофиташ]]. Риниофитийн башхалла ю хьасанаш юкъадовлар, церан дифференцировка къовламан, механикан, дӀакхеторан, фотосинтез яран. Иза дира цӀеххьана хин Ӏаламах къаьстачу хӀаваан Ӏаламо. Масала:
 
== Классификаци ==