[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла агӀо: «thumb|right|300px|Швецин къилбехьара Сконе провинцера аре. '''Аре́наш''' — майданца...»
 
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 2:
 
'''Аре́наш''' — майданца даккхий лаьттан а, [[хӀорд]]ан а, [[океан]]ан а дакъош, церан амалехь ю: меттиг цхьаьна агӀора таӀар (5° кхаччалц), кӀеззтга [[Дустаран локхалла|локхаллийца йоккха башхалла ца хилар]] (200 м кхаччалц); бӀенаш метраш башхалла елахь а, амма иза хуьлу ехачу меттиг тӀехь. Цундела и башхалла бӀаьрган башха къаста а ца ло.
 
Аренашна а, лаьмнашна санна [[тектоникан леларш]] хуьлу, амма жимачу [[градиент]]ца (1—2 м/км кхаччалц). Ша дерг вовшахтоьхча, нийсачу [[рельеф]]о дӀалаьцна 65 % латта. Уггаре йоккха дуьненан аре: [[Амазонкан аре]] (5 млн км² сов).
 
== Классификаци ==
[[Абсолютан локхалла|Абсолютан локхаллица]] аренаш къастайо: таьӀна аренаш (200 м кхаччалц); айаелла аренаш (200—500 м); ломан а, лекха а аренаш (500 м сов), [[акъари]]ш а.
 
Структуран хьесапца билгала йоккху экъан аренаш а, орогенан (ломан) областаш а.
 
Алсама йолу арахьарчу процессашца екъа мега: [[денудаци (геологи)|денудацин]], [[аккумуляци (геологи)|аккумуляцин]] аренаш. Денудацин аренаш кхоллаелла айаелла кепаш (лаьмнаш) йохар бахьнехь. Аккумуляцин аренаш кхоллаелла охьаюьжу породаш гулъяларца.