Балтикин хӀорд — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 30:
[[Файл:Baltic History 7500-BC.svg|слева|мини|Анцилан Ӏам 8,7 эз. гергга шо хьалха. Скандинавин лаьмнийн баххьаш тӀехь го дисина шаш]]
Шена тӀехь хӀинцалера Балтийн хӀорд лаьтта [[Континентан чкъор|континентан чкъоьран]] дакъа ду, [[Малхбален-Европан платформа|Оьрсийн тектоникан экъа]]н ([[Фенносармати]]) хӀоьттина даьлла дакъа. Марталлин массив санна иза кхоллаелла [[Статерийн мур|1,8 миллиард шо хьалха]], оцу хенахь дуьйна лаьттина дикка цхьаьнаэшшара. ХӀордан доккхаха долу дакъа, таханлерачу Балтикан бухца догӀуш ду, заманан доккхаха долчу декъехь лаьттира хӀордан тӀегӀанал лакхахь, къилба а, малхбален а дакъош оцу меттиган ехачу заманахь кӀезиг хи долу [[шельф]]ан хӀордашца къевлина яра, цунна тешалла до оцу областашкара [[Буха ховшурш|бух тӀе хевшинчу породийн]] стоммачу чкъоьро. Балтийн [[кратон]] кхоллаелла къилба эхиг тӀехь, [[Къилба полюсан гуо]]н [[эдиакари]]н кӀоштара шершина малхбузе, тӀаккха къилбаседехьа, [[экватор]]ах яьлла [[Девонан мур|375 млн шо хьалха]], [[Палеогенан мур|30 миллион шо хьалха]] кхаьчна хӀинцалерачу хьоле. Тайп-тайпанчу заманахь хилла коьрта дакъа бес-бесарчу [[Шира материкаш|материкийн]] ([[Нуна]], [[Нена (континент)|Нена]], [[Родини]], [[Лаврази#Кхоллаялар|Протолаврази]], [[Панноти]], [[Лаврусси]], [[Пангея]], [[Лаврази]], [[Еврази]]), ткъа цхьаьна хенахь ша лаьтта материк [[Балтика (континент)|Балтика]].
 
[[Палеогенан мур|40 миллион гергга шо хьалха]], оцу хенахь къилбаседа а, юккъера а, малхбален а Европан контураш кхоллаелла таханлера шуораллашна герга, хин болчу Балтикан хӀордан меттигехь кхоллаелла {{гочданза|:en:Eridanos (geology)|Эридан (геологи)|Эридан}} эркан атагӀа, иза доьдуш хилла къилба-малхбуза агӀо [[Скандинавин лаьмнаш]]ца нисса — аьлчи а хӀинца долчу Балтикан хӀорд ма-латтара: хьост дара [[Лапланди|Лапландехь]], ткъа чӀогӀа геннаш довлура [[Эркан дельта|дельтан]] кӀоштахь хӀинцалерачу [[Нидерландаш|Нидерландийн]], кхетара ширачу [[Къилбаседа хӀорд]]ах, хӀинцалерачу [[Финнийн айма]]н областехь доккха га дара. [[Антропогенан мур|Антропогенан]] шен муьрехь, [[Плейстоцен|700 эз. гергга хьалха]] Эридан сецира, хӀунда аьлча цуьнан атагӀи, ерриг къилбаседа Европа санна, шан кӀела яхара. Эриданан бердашца кхуьура тайга. Ша бинчул тӀаьхьа баганан диттийн силамах [[янтар]] хилира.
 
== Билгалдахарш ==