[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 95:
 
Бутанан яккхий гидроэнергетикан ресурсаш ю, ткъа иштта дикка пайден маьӀданийн ресурсаш а — аьчкан маьӀда, цӀеста, даша, цинк, кӀора, мармар, кхин а.
 
[[Цийн Халкъан Республика|Цийчоьнца]] долу доза къилбаседехь а, къилбаседа-малхбузехь а 470 км ду; [[ХӀинди]]ца ([[Сикким]] штатаца малхбузехь, [[Малхбуза Бенгали]]ца къилба-малхбузехь, [[Ассам]]ца къилбехь а, къилба-малхбалехь а, [[Аруначал-Прадеш]] (хьалха [[Къилбаседа-Малхбален дозанан агенталла]])) малхбалехь 605 км ду. ХӀиндин Сикким штато (88 км шуьйра мохк) Бутан [[Непал]]ах къастайо, ткъа хӀиндин Малхбуза Бенгали штато — Республика [[Бангладеш]]ах (цу тӀе Бутанера Бангладеше кхаччалц 60 км бен яц). Бутанан малхбузера малхбале кхаччалц — 300 км ю, къилбехьара къилбаседехьа — 170 км ю. Пачхьалкхан майда — 38 394 км² (Непалан майданал кхузза кӀезиг). 1980-гӀа шерашна юккъехь 70 % гергга мохк хьаннаш йолуш бара, 10 % — дийнна шарахь ло а, ша а болуш дара, 6 % гергга — лелон латташ я эвланаш яра, 3 % — цхьаьна хенан лело делла дара, 5 % — дӀалоцура байнаша а, байданаша а. Бисина мохк — тархийн мохк, уьш дуьйш лело пайден дац. Бутане баьхкина дуьххьарлера британхоша дуьйцура: «Бодане а, готта а ломан атагӀаш, мархашлахь байна ломан баххьаш, йо ша-кепара хазаллин а, сийлаллин а пейзаж». Пачхьалкхан мохк – дуьненан ломан меттигех лела уггаре халчех цхьаъ бу, локхалла хийцало хӀордан тӀегӀан тӀиера 160 метрера 7000 метр кхаччалц. Бутанан уггаре лекха меттиг — [[Кула-Кангри]] лам, локхалла 7554 м — лаьтта мехкан къилбаседехь Цийчоьнан дозанехь. ШолгӀаниг – [[Джомолхари]] 7314 м лекха — лаьтта [[Чумби]] атагӀи йолчохь. Махкахь бу локхалла 7000 м йолу ира баххьаш болу 19 лам. Бутанан-цийчоьнан къилбаседа дозанехь айабелла гималайн лайн ира баххьаш 7500 м сов лекха, баххьаш тӀехь олалла до [[арктикан климат]]о. Оцу регионехь шаш дашара бахьнехь хилла ломан эркийн хиш а, атагӀаш а чӀогӀа дика хьолаш до бежнашна, уьш леладо кӀезиг болчу меттигерчу бахархоша. Бутанан юккъерачу декъера [[Ӏаьржа лаьмнаш (Бутан)|Ӏаьржа лаьмнаша]] кхуллу Ӏаламан [[хидоькъа дукъ]] мехкан коьрта шина эркан системашна юкъахь — [[Мо-Чу]] а, [[Дрангме-Чу]] а. Ӏаьржа лаьмнийн ломан баххьаш бу 1500—2700 м хӀордан тӀегӀанера, ткъа сиха ломан эркаш кхоьллина ломан Ӏинаш.
 
== Дзонгдэй ==