[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 107:
=== Эркийн системаш ===
{{main|Бутанан эркаш}}
Бутанехь диъ коьрта эркийн система ю: [[Манас (эрк, ХӀинди)|Манас]] (я Дрангме), [[Санкош]] (я [[Пуна-Цанг]]), [[Ванг Чу]] (я [[Чинчу]]), [[Амо (эрк)|Амо]]. Массо а эрк долало [[Гималай]]хь, тӀаккха, охьадоьду къилба агӀора атагӀашкахула, дӀакхета [[Брахмапутра]] эрках, иза шен рогӀехь кхета [[Ганг]]ах. Бутанехь уггаре еха эркан система — Дрангме (я [[Кури (эрк)|Кури]]), иза охьадоьду хӀиндин [[Аруначал-Прадеш]] штатехула, кхоъ га а ду цуьнан: [[Дрангме]], [[Мангде]], [[Бумтанг (эрк)|Бумтанг]]. «Дуарийн» кӀошташкахь, оцу эркан 8 га цхьаьнакхетачохь, Дрангмен цӀе Манас лелайо. 320 километр долу эрк Пуна-Цанг (я Санкош) сих-сиха дестий бердах долу, иза кхоьллина эркаш [[Мо (эрк, Бутан)|Мо]] а, [[Пхо (эрк)|Пхо]] а санна, церан хиш оьху гималайн лайшкара. Уьш охьадоьлху къилба агӀора [[Пунакха]] гӀалехьа, цигахь кхета дӀакхета Пуна-Цанг эрк кхуллуш, иза шен рогӀехь, охьадоьду къилбехьа хӀиндин Малхбуза Бенгалин штатехула. 370 км деха долу [[Ванг Чу]] эркан дуккха а геннаш долало [[Тибет]]ехь. Ша [[Ванг Чу]] эрк охьадоьду къилба-малхбалехьа Бутанан малхбуза декъехула, кхин дӀа чекхдолу «[[дуараш]]кахула». Кхузахь иза доьду хӀиндин Малхбуза Бенгали штатехула. Мехкан уггаре жима эркан система — [[Торса (эрк)|Торса]] ю, къилбаседа декъехь евза Амо цӀарца, иштта хьост ду Тибетехь, охьадоьду ХӀинде<ref name="Andrea_Matles_Savada">[http://countrystudies.us/bhutan/16.htm River Systems — Andrea Matles Savada, ed. Bhutan: A Country Study. Washington: GPO for the Library of Congress, 1991.]{{ref-en}}</ref>.
[[Файл:Glacial lakes, Bhutan.jpg|мини|300px|Бутанан шалаьмнаш]]
 
== Дзонгдэй ==