[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 117:
1971 шарахь дуьйна Бутан ю [[уггаре къиен мехкаш]]на юкъахь<ref>http://www.un.org/en/development/desa/policy/cdp/ldc/ldc_list.pdf</ref>.
Бутанан экономикан бух бу хьуьнан а, [[Юьртан бахам|юьртан а бахам]], [[туризм]], поштан маркаш йохкар.
 
Къилбехахь кегийрачу шахташкахь доху [[гипс]], [[кира-маьӀда]], [[доломит]]аш, [[Лаьттах болу кӀора|кӀора]], [[мармар]], [[сланец]]. Кхиина ю хьун кечъяран, дечиг тодаран, юургийн [[промышленность]]. Махкахь кхиадо [[дуга]], [[хьаьжкӀа]]ш, [[орам-стом]], [[цитрусаш]], [[хӀоъ|хӀоьан культур]]аш, [[сугӀа]], [[жӀалин нускал]]ш. Бутанехь ду шурийн [[даьхнийлелор]], [[зӀакардаьхнийлелор]]; шуьйрачу ломан [[байданаш]]кахь ду хьаладуьгу [[даьхнийлелор]]: [[як]]аш, [[газа|гезарий]], [[Хайнак|цзо (якийн а, бежнийн а иэдина хӀу)]] лелор. [[АтагӀа]]шкахь бахархоша [[бошмашлелор|бошмаш лелайо]]. Кегийра белхаш: латунах, буту-эрзах буддистийн ритуалин сурсаташ дар, тӀергӀан а, бамбан а кӀадеш, кузанаш, детин а, цӀестан а белхаш дар, дечиг агар.
 
Экспортан коьрта статьяш: [[электроэнерги]] (ХӀинде), [[кардамон]], [[гипс]], [[цемент]], [[дечиг]], [[Ӏаж|Ӏежаш]], [[жӀалин нускал]]ш, [[стом|стоьмаш]], [[мехала тӀулг]]аш, [[чамбийриш]].
 
'''Ледара агӀонаш''': юкъараллин секторан дукхачу отраслашкахь — некъаш дахкар тӀиера дешаран тӀекхаччалц — хӀиндин белхан ницкъ лело безаш хуьлу. Дукхаха болу бахархой юьртабахам тӀехь беха; ломан басеш чӀогӀа ирх хиларна лелайо латан кӀезиг майда. Промышленность яц ала мегар ду. Ӏаламан ресурсаш кӀезиг ю.
 
Бутан — аграрин мохк. 80 % сов бахархошна юьртабахам а, хьуьнан бахам а сан коьрта хьост ду. Цул сов, правительство жигара доладо гуонахьарчу Ӏаламан хьолан (Бутанан ах мохк кхайкхийна къоман паркаш, царна чохь тала мегаш дац), иза бахьнехь промышленность кхиор планашкахь дац бутанан Ӏедалан. Паччахьаллехь яккхий промышленностан предприятеш ян а яц ала мегар ду. Ю масех дечиг тояран предприятии, юурган промышленностан преприяти (царна юкъахь лицензица [[Кока-кола]] арахоьцурш а). Коьрта экспортан сурсат ду экологин цӀена дуга, стоьмаш, гидроэлектростанцеш йоккху электроэнерги.
 
== Дзонгдэй ==