[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 7:
== Кхолладаларан истори ==
ГахӀар кхолладелла хан билгала яц. Цунна чохь гойту адаман белхан [[эстетика]]н ойла, коллараллица хуьйцу, нисдо Ӏалам я динан чулацам. ГахӀарехь, башха халкъан кхоллараллехь (цигахь иза шуьйра даьржина), йисина [[фольклор]]ан-поэтийн дуьненца йолу юкъаметтиг. Хан хене мел йолу мукъмийн хьалхалера маьӀна довра, юьсура декоративан а, архитектоникан а къаьсташ хилар. Доккха маьӀна генезисехь а, гахӀара кхин дӀа кхиарехь а, дара эстетикан юкъараллин иэшамаш: цхьаьнатоьхна мукъмийн ритман нийсалла яра уггаре хьалхарчу хьесапех дуьне исбаьхьаллийца карадерзор. Дукхаха йолчу адаман дахаран процессаш а, Ӏаламан хиламийн а ритм йоцуш, кхин законе хьаьжжина хиларш гайтина гахӀаран мукъмашкахь: терзан закон, цигахь цхьаъ цхьабосса хила тарло шорттачуьнца, Дуьненан кхолхалла, ширачара дуьнедовзарехь тамаша баллал хӀилам, иза бу шен центр, юккъера дакъа, йист йолчу гахӀаран хьаьркехь. ГахӀар, тӀаьххьара, хилла дуьне гайтаран символан юьхьиг, иза го Х. Э. Керлотан талламашкахь.
 
ГахӀар юкъадалар шен орамашца бӀешерийн кӀоргенашка доьду, дуьххьарлера цуьнан лараш йисина [[палеолит]]ан муьрехь. [[Неолит]]ан оьздангаллехь гахӀаран дукха кепаш хилла. Хенан йохаллийца гахӀаран олалла а, хааран маьӀна а дӀадолу, амма шена тӀаьхьа дуьту ладаме, нисъеш а, хазъеш а пластикан кхоллараллера системан роль. ХӀора муьро, хаттӀо, хьалха-тӀаьхьа гучуяьлла къоман оьздангалло шен система кхуллура, цундела гахӀар тешаме хьесап ду кхолламаш билгалчу хенера, къомера, махкера хиларан. Шеко яц, иштта, гахӀаран историн шен константаш, хьаьркаш хилар, уьш хено ца хийцина, тайп-тайпана оьздангаллин, хоттӀийн, муьрийн долахь ю. Ишттачу хьаьркех ю, масала, [[чкъург]].