Дюма, Александр (да) — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 33:
 
Дюма волавелира шен дешар дуза. Цунна вевзаш волчу цхьамма хӀоттийра Александран цуо йиеша еза литературан авторийн исписка: царна юкъахь дара классикийн жайнаш, мемуараш, хроникаш. Драматурган говзалла Ӏамор Ӏалашо йолуш, Дюма оьхура театрашка, цхьаьна спектаклехь цунна вевзира [[Нодье, Шарль|Нодье Шарль]]. Яйн жанрехь аьтту бан атта ду аьлла хеташ волчу Левенца цхьаьна, Дюмас яьккхира «[[Таллар а, безам а]]» цӀе йолу водевиль, иза тӀеийцира [[Амбигю]] театро.
 
Цхьана дийнахь Салонан хӀора шеран цхьаьна гайтамехь Дюмас тидам бира барельефан, цунна тӀехь дара [[Мональдески, Джованни Ринальдо| Мональдески Джованни]] виерах сурт. «Дерриг дуьненан биографехь» Мональдескех а, Швецин паччахь-аьзни [[Кристина (Швецин паччахь-аьзни)|Кристинех]] а лаьцна дешна, Дюмас сацам бира оцу теман драма язъян. Юьхьанца цуо цхьаьна яздар кховдийра [[Сулье, Фредерик|Сульега]], амма тӀеххьара шиммо а шен шен «Кристина» язйира. Дюман пьеса хазъелира «[[Комеди Франсез]]ехь» волчу паччахьан комиссаран барон [[Тейлор, Исидор-Жюстен|Тейлоран]], цуьнан гӀоьнца «Кристина» тӀеийцира дош даьккхина, Дюма сиза кхин а тойийр ю аьлла. Амма драма хӀоттаяран дуьхьала яра массанхьа ницкъ кхочу [[мадемуазель Марс]], цунна езара [[классицизм|классикан]] репертуар. Къона автор пьесехь хийцамаш бан дуьхьала ваьлча, мадемуазель Марса дерриг дира «Кристина» «Комеди Франсезан» сценин тӀе ца ялийта.
 
== Билгалдахарш ==